Добавить в цитаты Настройки чтения

Страница 4 из 8



…Дешаран шо доладелла бутт а балале, пхьоалгІачу классераБерса а, ворхІалгІачу классера Митька Величенко а валош Николай Кузьмичан кабинет чу йеара пхоьалгІачу классан куьйгалхо къона хьехархо Валентина Андреевна. Шина а кІентан йаххьашна тІехь сийна буьччалгаш а, цІийн хьоькхнаш а йара.

– Сан бехк бац! Иза ша хьалха летира сох! – мохь хоькхураМитькас, велха а воьлхуш, – даим массеран а кочахь ву иза. Цо сайна тІулг тоьхча, летта со. ТІехула тІе, ша, урс Іоьттина, сан гай хоьцур йу бохуш, кхерамаш туьйсура цо…

Берса, вист ца хуьлуш, оьгІазе шен довхочуьнга а хьаьжна, доккха са а даьккхина, соне вогІавелира.

– Митькас дуьйцург бакъ дуй, Берса? – хаьттира Николай Кузьмича.

Берса вист ца хилира.

– Гой хьуна, Николай Кузьмич! Бакъду, дера-кх! ДІатийний? Вистхила йуьхь ма йац цуьнан!

– Ткъа хьо вист ма хила! Хьоьга ца хоьтту цо. Хьан гІоггІал воцу Берса ма дика лета хьох? Хьайн бехк нахана тІетатта ма гIepтa! – Берсегахьа гІодаьккхира Валентина Андреевнас.

Баркаллех буьзна ши бІаьрг Валентина Андреевне а хьажийна, йуха а охьатаьІира Берса.

«Бераш – бераш ду-кх, – ойла йора Николай Кузьмича, цаьршинга а хьоьжуш, – шайниг дуьтий ца Іа уьш цхьаннахьа а, цкъа а. Чевне хІума ца хуьлура царна йукъадогІург-м. Цхьа сахьт далале, тан а тайна, цхьаьний ловзуш дІаволалур ву. Амма Митька иштта дIавахийта тарлур дац. Цхьанна гечдахь, бисинарш а эвхьазбевр бу».

– ХІаъа, дера, ду шу, Митя, дика кІентий. Вокх-воккханиг жимачух лета. Кху цхьана баттахь масазза а низам талхийна ахь. Классан куьлйгалхочо масазза а валхийна хьо. Хьайн къена нана ас педсовете кхойкхийла лаьа хьуна? Хьан да вийча, дагна хилла чов ца йоьрзуш, синтем байна хьийза, хІинца хьох гІайгІа a хилла лела иза. Вайн ирсан, вайн даймехкан дуьхьа шен дахар дІаделлачу хьайн ден, тахана гена Польшехь фашистех леташ волчу хьайн вешин, йерриге халонаш эшош, шена там-товр ца лоьхуш, церан дуьхьа кху цІахь дийнахь-буса а къахьоьгучу хьайн ненан жимма мукъа а ойла йан йезара ахь. Хьан хенара пионераш, фронтехь фашистех леташ, халкъан турпалхой а хилла, дІахІиттина, ткъа хьо… Дийцина а хІун до цуьнан!

Николай Кузьмича, пхьаьрсийн голаш стоьла тІе а хІиттош, шина куьйга корта а лаьцна, охьа а таьІна, доккха садаьккхира. Митька корта а оллийна хІоьтина лаьттара.

– Уроке гІуо ший а. Амма, хаалахь, Митя, нагахь ишттаниг хьох йуха а далахь, хьо школера дІавоккхург хилар.

Митя сихха араиккхира, ткъа Берса, меттах а ца хьовш, ша лаьттачохь сецира.

– Вало, Берса, уроке дІагІо, – букъа тІе дайн куьг дуьллуш, шеца хьалха дІаозийра иза Валентина Андреевнас.

– Со жимма тІаьхьа соцу, Валентина Андреевна, – элира вукхо, хьала а ца таьІаш.

Валентина Андреевна бІаьргашца хаттар деш Николай Кузьмиче хьаьжира.

– Іадвитахьа, Валентина Андреевна. ТIаьхьа тІевогІур ву иза.

Берсин цхьадолчу аматаша Николай Кузьмична дагавоуьйтура 1942-чу шарахь тІамехь шен бІаьхаллин хьуьнаршца берриге махкахь гІараваьлла хилла нохчийн кІант Нурадилов Ханпаша. Сталинград мостагІex ларйеш турпала воьжна иза дІавоьллинера Донан лаьттахь. Иза дара Николай Кузьмична чов хилале нийсса кхо бутт хьалха. Бакъду, Николай Кузьмична и ша цкъа а ца гинера. Амма цунна дика дагадогІура иза вийначул тІаьхьа Донски фронтан политурхалло арахецна плакат. ХІинца а шена гуш санна хетара оцу тІера къоначу нохчийн кІентан сурт. Маж-мекх далаза горга йуьхь, баккъал а аьрзучух тера майра хьажар, некха тІехь ЦІечу Байракхан а, ЦІечу Седанан а ши орден. Советски Союзан Турпалхочун цІе вийначул тІаьхьа йелира цунна.

ХІетахь Ханпашех лаьцна поэто Долматовскийс йаздина, бІаьхойн уггар дезачех цхьаъ хилла дІахІоьттина илли хІинца а дагахь хаьара Николай Кузьмична, хІинца а, цкъацкъа, ша висча, лоххачу озаца шена олуш меттигаш а йора. Дагахь лаьттара плакатан цхьадолу могІанаш а:

… «ТІемало-наьрт, тІемало-аьрзу, тІемало-рыцарь – иза йу турпалхочун-пулеметчикан, гвардин старши сержантан, комсомольцан Нурадилов Ханпашин бакъ цІе…

…Нурадилов Ханпашас шега схьаэцнера доьналла долчу нохчийн халкъан тоьлла гІиллакхаш: цуьнан турпалалла а, аьрзунан каделла а, цуьнан майралла а, къонахалла а, доьналла а…

… Нурадиловс шен пулеметца 920 фашист хІаллаквина…

… Хьажал хьо, бІаьхо, ламанан аьрзунан, турпалчу пулеметчикан Нурадилов Ханпашин суьрте! Кавказан турпалан, нохчийн халкъан кІентан бІаьхаллин хьуьнарш тІамехь доьналлин масал хуьлда хьуна а, хьан накъосташна а…

…ТІамехь кхерам хІун йу ма хаалахь, нохчийн халкъан доьналла долчу кІанта ма-иэшайарра, майрра иэшайелахь Іожалла…»



Дерриге а шен фронтан дахарехь политрук хилла Николай Кузьмич, газеташ доьшуш, дукхазза а тІеІитталора нохчийн халкъан кІенташкара дийлинчу тІеман хьуьнарех лаьцна долчу дийцаршна. Амма даиманна а цуьнан даг чохь висинарг Ханпаша вара. Ца дицдора тІаьхьа «Известия» тІехь ша дешна Нурадиловн коша тIехь цуьнан командиро диначу къамелера довха дешнаш а:

«Ламанан аьрзу! Иллеш дукхадезара цунна. ДІадевр ду шераш. Керлачу, хазачу зІаьнаршца лепар ду вайн дахар. Ткьа Нохч-ГІалгІайчоьнан ирсечу кегийраша, Донан мехкарша, Украинан кІенташа гвардин старши сержантах Нурадилов Ханпашех иллеш бохур ду».

Уьш дерриге а цхьана секундехь хьаьвзира Николай Кузьмичан коьртехь. Ткъа Берса, дІавоьгІча санна, ша хІоьттинчохь меттах ца хьовш лаьттара. Хьехархо, и шиъ шаьшша а витина, арайелира.

– Берса, хьан соьца гІуллакх ду? – хаьттира цо, шен ойланаш дІа а лаьхкина.

КІанта, вист ца хуьлуш, корта таІийра.

– Схьадийцал, цІахь бохам-м ца хилла вайна? Воккха стаг цомгаш хилла?

Берсас корта ластийра.

– Йа хьо хьуо могаш вац? Го суна, хІокху деношкахь йуьхь тІера бос байна, гІийла ву хьо. ЦІахь йуург йац хьан? Схьавоьл суна улло.

Берса, тІе а вахана, Николай Кузьмична хьалхха дІахІоьттира.

– Йу. Со а ву могаш.

– Ткъа хІун хилла хьуна?

– Николай Кузьмич, со сайн бехкенна ца летта Митех…

– Иза-м суна хууш ма ду. Ас-м ца вира хьо бехке. Цунна сецнера хьо?

– XIa-xIa. Митька коьртехь волуш цхьа масех кІанта, тІехбеттамаш беш, аравала а ца вуьту со…

– Забарш йеш ма хуьлу, Берса, – велавелира Николай Кузьмич, – забарш а йо, наггахь буй-тІара йеш меттиг а хуьлу, амма уьш тІаьхьало йолуш хІуманаш дац. Ас дош ло хьуна, Митькина тоххара дицделла хир ду шуьшиннан дов.

– Амма суна ца дицло. Диц а лур дац. Царна забар хиларх, суна забар йац цара йийриг… ТІехула тІе, иза йа дуьххьара а, йа суна цхьанна йина а ца Іа уьш…

– Ой, хІун ду иза, дан мукъане а? – цецвелира Николай Кузьмич.

Берсин ши бІаьрг хих буьзира, ца велха гІерташ, бухара балда чІогІа цергашца схьалецира цо. Логашад хьала-охьа уьдура. ТІаккха, жимма Іийна, берриге шен ницкъ тІе а гулбина, вистхилира:

– Бандит, фашист, йамартхо олий бен, сан цІе ца йоккху цара… Тхо, нохчий, Даймахкана йамарт хилла, бандиташ хилла, оха немцошна гІо дина бохуш, тІехбеттамаш бо цара…

КІант цхьа гІулч хьалха а тесна, велхаран маьхьарца шен маракхетча, дегІа тІера массо а чо ирахIоьттира цуьнан.

– Николай Кузьмич, ахь алахьа бакъдерг, – дерриге дегІ дегош, шен корта Николай Кузьмичан некха тІе а таІийна, воьлхура Берса. – Тхан йуьртарчу нахана бІаьрга а ца гина и бандиташ а, йа немцой a… Кхечахьа, генахь, хІун хилла суна хаац, со жима вара… Дадас а боху шена хІумма ца хаьа… Дядя Коля, алахьа, бакъдуй цара бохург?… Тхо, махках даьхна, кхуза схьа хІунда далийна?…

КІанта даррехь хьалхахІоттийначу хаттаро вохийра Николай Кузьмич. Мацах цкъа университетехь дуьненан историн муьлххачу а темина лаьцна кхиамца докладаш йина, лаккхара хаарш а, наггахь бен хуьлуш йоцу корматалла а йу бохуш, профессорша хестийна, шен эскаран декъехь тоьлла политрук хилла, шарахь сов хІор денна Іожаллина дуьхьал хІиттарх, цкъа а ца воьхна Николай Кузьмич, хІинца оцу жимачу кІанта велхарца деллачу хаттарна дуьхьал дала жоп ца карош, дегІе хьацар тоьхна, хиъна Іара.

– Ма велха, сан кІант, – элира цо эххар а, Берсин Іаьржа, жима корта шен некха тІе а таІийна, цуьнан гІоргІачу месех куьг а хьоькхуш. – Уьш цхьа а бакъ дац. Оцу масех кІанта, дуьххьалдІа хьо хьийзо шайггара даьккхина иза. Шу схьа хІунда далийна суна ца хаьа. Гитлеровски фашисташа болийначу кху неІалт хиллачу тІамо массо а ваьккхина шайн махках а, доьзалх а, йиша-вешех а. ХІинца цкъа цхьанне а дац атта. Амма хІинца тІом чекхбала герга бу. ТІаккха хуур ду вайна дерриге а. Ткъа хьо а жима ву. Цхьана а хІуманан ойла а ца йеш, тІетаIІий деша. Воккха хилча, Іилманах кхетча, хьуна хьайна а хуур ду дерриге а…