Добавить в цитаты Настройки чтения

Страница 8 из 8



– Хелипатан цІахь кхо бер ду. Церан кийра йалтин рицкъа дахаза масех де даьлла. Аш пурба лахь, и бепиг кхузахь а ца дууш, шеца цІа хьур ду цо, – шаьшшиннан къамел, халла оьрсийн дешнаш а карийна, гочдира Занус.

Николай Кузьмичан хьаьрсачу, дуькъачу цIоцкъамашна тІехуларчу шуьйрачу хьаьжа тІе шад гулбелира; дегийра бІаьрнегІарш. Цуьнан шен бертаза хи доьссира бІаьргаш чу. Хьала а гІеттина, дехьа чу а ваьлла, Мария Петровна шена тІаьхьакхайкхира цо.

– Машенька, сан хьомениг…, – бІaьpгex йовлакх а хьоькхуш, дегочу озаца вистхилира иза.

–ХІун хилла, Коля?

– Сан дехар ду хьоьга… вайгахь долу дерриге бепиг дІалохьа оцу йоккхачу стагана. Ойла йехьа, хьо санна зударий бу уьш, вайшиннан Вова санна, шайн бераш деза царна а. Мел хала ду царна…

Николай Кузьмичан дешнаша дог дохийна Мария Петровна корах арахьаьжира, арахь гуш адам дацара. Кхоьлина, дошан баса йирзина стигал, йукъ-йукъа лайн чимаш а ийна, серсаш шийла дерз, гуобаьккхина хІоьттина сингаттаме тийналла.

– Хьанна хаьа, Сталин гІалатваьлла хила а тарло, – элира цо меллаша.

– Иза а ма ду адам. Ткъа гІалат ца долуш стаг хила йиш йац.

–ГІалат! ГІалат хуьлу иштта?! Итт эзарнаш коммунисташ, партин, пачхьалкхан деятельш хІаллакбина! Гойтуш бехк а боцуш, йинарг кхиэл а йоцуш! Иза а гІалат хилийтахьа. Цхьанна, иттанна, бІенна, эзар стагана тІехь кхиэл йеш а, валийтахьа гІалат. Ткъа – масех халкъана тІехь кхиэл йеш, уьш махках дохуш? Иза дуьххьалдІа къиза, зуламе акт ду.

– Коля! – мохь белира Мария Петровнин. – Доьху хьоьга, хьайн ойланаш хьайн коьртехь совцор! Со а ма кхета дерригенаха. Вайшиннал лакхахь болчеран а ницкъ ца кхаьчна и харцо сацо. Ахь ма-аллара, эзарнаш адамаш хІаллакдина, халкъан мостагІий бу бохуш, цІераш а техкина. Хьанна хаьа, иштта, хьо санна, кху харцонашна резабоцуш, бакъонна тІегІертарна хІаллакбина хила тарло уьш а. Ткъа могІара ши коммунист, йуьртарчу школан хьехархо а бен доцчу вайшинга хІотталур йац дуьненахь нийсо. Амма вайшиннан ойланаш цхьанна хаахь, вайша тІепаза-м дойъур ду.



Зудчо дуьйцучуьнга ла а доьгІуш, готтачу цІа чохь дІасахьийза Николай Кузьмич, цІеххьана сaцa а сецна, цунна тІевирзира.

– ХІан-хІа, Маша, вайша тІепаза дайъалур цаьрга, – тІаьххьара дош кхечарах къастош элира цо. – Вайша саннарш миллионаш бу! Цхьа де догІур ду, вайн урамехь а дезде хуьлуш. Хено гойтур ду, хиллехь – гІалаташ а, йинехь – йамартло а. Ленинан идейш йехар йу, дуьнен чохь адам мел деха. Ткъа хІинца, дехьа чу а гІой, оцу шина зудчун догъэца.

V

Гуобаьккхина лаьмнаш долуш, тогІехь, шина республикин дозанаш къаьстачохь, нийсачу экъанна тІехь нийсачу урамашка йоькъуш йиллина йурт йу. Дукха хан йац иза йиллина. Урамашца дийгІина гІаргІанаш хІинца а шайн къоначу хенал тІех ца девлла. Иштта къона ду бошмашкара стоьмийн дитташ а. Кхо-диъ шо хан йелахь, кхин хан йац цара стом ло. Хаза кхиа йоьлла бошмаш, толуш лаьтта урамаш, цІенош.

Иза хІокху ламанан районан центр йу. Кхузахь бехаш нохчий бац, амма дийнахь ган тарло гондІарчу йарташкара меллаша гІаш, нисйелча –ворданахь кхуза схьаоьху нохчийн зударий, божарий, бераш.

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «ЛитРес».

Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на ЛитРес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.