Добавить в цитаты Настройки чтения

Страница 28 из 41



Батьянов Кешане-Юьртан майдана кхаьчча, чIу йукъа а гIур боцуш, луьста лаьтташ адам дара цигахь… Божарий хилла цa Iаш, гондIарчу керташца хIиттина зударий а цхьаьна. Дошлойн отрядца полковник гучуваьлча, гIугI доккхуш, хIорд санна, техкира адамийн кортош. Дуьхьала хьаьдда веана йуьртда а, цуьнца масех хьолахо а, воккха хьаькам шайга вист ца хилахь а, вела ца къажахь а, шайга а хьаьжна, корта мукъане а ласторе догдохуш, кхерабелла, хьестало бIаьргаш цунна тIе a боьгIна, дIахIиттира. Цхьана-шина жимачу стага, схьахетарехь, церан кIенташа, ведда тIe а веана, эпсарийн говрийн урхаш а, луьйтанаш а дIалецира. Амма полковник, хьастабелла тIeбaьхкинчу йуьртан тхьамданашка а, йа церан кIенташка а ца хьожуш, тIех а ваьлла, адамийн тобанна йуккъe вaханa, ceцира.

– Иттех дийнахь шун хьаькам хир вy co, – элира цо, хьалха лаьттачу тIелхигбевллачу божарийн къух санна йевллачу йаxxьашна тIехула бIаьрг шаршийна. – Со тIеман эпсар хиларе терра, политикех дерг хаац суна. Шyьга мотт лебан говза а, йа догдогIуш а, йа хан йолуш а вац. Суна шуьгара оьшург бакъдерг ду. Соьгара а хезар ду шуна изза. Схьадийцал чехкка, хIунда вийна аш паччахьо, шайна тIехь куьйгалла де аьлла, ваийтина хьаькам? Ас шайна тIехь ден дерг хаьий шуна?

Уллохь лаьттачу кешанойн йуьртдас мохь тоьххана гочдира полковникан къамел. Нах, шек дIа а боцуш, кхуза баьхкинарш Iедалан вeкaлш а, адамаш а доцуш, цхьа мехкан доцу акхарой долуш санна, леррина цаьрга а хьуьйсуш, тапъаьлла тийна лаьттара. Эххар а, ши-кхо гIулч хьалха велира, бакъийна гIуркх санна, векъана, веха, цIеххьана голатухуш хьаьвзина боккха мара а болуш, шовзткъe иттех шо хенара стаг. Сирдала доьллачу дуькъачу мекхех дайн куьг а хьаькхна, йовхарш тоьхна, йиш а тойина, аьрру куьг йукъарчу шаьлтанан кIайчу макъарна тIе а диллина, вaжa xaьнтIe a хIоттийна, майрра полковнике хьаьжира иза.

– Ас дуьйцур ду бакъдерг, – вистхилира иза гIоргIачу озаца. – Стенна тIехула доладелла, хоьтту ахь? И ца хууш ву хьо? Тхо ца го хьуна, хIара тIотIеш8 оьхкина, сагIадоьхургаш санна, лела? – нохчочо, дерзинчу дегIа тIе дуьйхинчу эттIачу чоин кач дIаса а озийна, гучудаьккхира холхазах тера хьийзина, даьлла шуьйра некхан у. – Йа тхан бераш ца гина хьуна, дерзина, меца лела? Шаьш тхуна тIехь латто харцо, Iазап а ца тоьу шуна? Хьаькамаш а оха кхаба дийзи. Тхешан доларчу сту-ворданца кха тIе даха а, базара даха а, дечкe дaха а йиш тхан йац. Даим дIа шуна некъаш дохуш, шун эскарш кхалхош, шун хьаькамаш дIасалелош. И дерриг дича а, дитахьара ткъа. Схьа мел вогIург налог тоха вогIy, схьа мел вогIург, и схьало олий, вогIу. Оха мичара ло шуна налогаш, дуьйш-дерзош латта а ца хилча, кертахь даьхний а ца хилча?

– Цхьа цІока йаьккхина а ца Іа!

– ВорхІ йаккха гIерта!

– Тхан даьIахкаш тIe гам хьекха боьлла!

– Йукъа ма гIерта нах! ЯнгIулби ала вита!

Нехан гIовгIанаш дIателлац Iийна, дакъаделла, эттIачу балдех мотт а хьаькхна, йуха а вистхилира ЯнгIулби:

– Баккъал а йоцчунна тIера шарбал ворхIанга а ца йаккхайелла бохуш, кица ду нохчийн. Тхан дIадала хIума дацара, бIaьсте йаьлла йаллалц, Теркал дехьа а дахана, хьалдолчу гIалгIазкхашна йолах болх бина, йа кхин цхьа таро хиллалц, дитахьара тхо аьлча а, гIуллакх ца хуьлу. Собар а кхачийна, тхан цхьа воккха стаг чIoгIа вистхилира укурган начаьнке. Ша къена а волу дела, и къона а волу дела, тхан къоман гIиллакхна тIе a доьгІна. Ткъа начaьнко цуьнан мекх озийра.

Нахана йукъахь йуха а оьгIазе маьхьарий девлира.

– Тхо лай ду-м ца моьтту шуна!..

– Аш нанна хьежо…

– Кхидерг дерриг лайна оха, амма тхан догІмех куьйгаш ма Iитта!

– Наха бакъдерг дуьйцу, полконак, – церан маьхьарша шовкъе виначу ЯнгIулбин йуьхь йолчу тIe a Iapжйелира. – Баккъал а, тxaьш нах сийсаз ца бо оха, наха тхаьш дича а ловр дац. Мекх озочул, тур тоьхна, шина декъе векънeхь а, кху тIе дер дацара хIара. Йа, лаьцна, Хаси-Юьрта дIа а вигна, Сибрех хьажийнeхь а. Герз карахь лата а лата, дайъа а дайъа тхо, амма тхан догIмех куьйгаш ма Iитта; тхоьга, шайна тIекхаьчча, коьртара куйнаш дIадаха а ма баха! Куй а, маж-мекх а, шаьлта а стеган боьршаллин билгало йу. Шен мекх озийча, вийна воккхачу стага укурган начальник. Дика а вийна. Сайн мекх озийнарг ас а вуьйр ву!

Батьяновс леррина ладоьгIура йуьртдас гуттар чам боцчу баьккхинчу оьрсийн маттахь шена гочдечу къамеле. ТІaьрзечу нохчочо тIаьххьара аьллачу дешнашна резахилира полковник. Петуховн амалш дукха тера йогIура шен цIарах. Шен ницкъ ца хууш, гIуллакх долчу а, доцчу а гIерташ, йиш халлалц кхойкхучу, девнечу нIaьнин амалш.

– Кхин дуй шун ала хIума? – хьаьжа йуккъе шад хIоттийна, адамийн тобанан кортош тIехула бIаьрг кхарстийра Батьяновс.

– Сан дара масех дош!

Пхьаьрсийн голашца хьалхарнаш дIаса а тоьттуш, сенарваьлла9 тобанна йуккъехула хьалха могIаршка веана, сeцира буто воккха стаг.

– Цул сов, полковник, тхо нуьцкъах салт доху бохуш, хабарш ду, – сих-сиха можах куьг хьокхуш, къамел долийра цо. – ТIaьххьара тхан долахь йисина лаьттан коржамаш а дIайоху, кертарчу котамийн кортойн цIарах а налог тухур йу, боху…





– Шаьш салт дахарна ма кхералаш, – бат саттийра полковнико. – Шух хуьлу салтий?! Шу тайпа хIоранаш, гуттар гIаддайча, милице-м оьцург хир йара. «Налогаш» бохуш, аш йуьйцу хабарш а эрна йу. XIинццалцчул къен цкъа а хир дац шу, ткъа шу хьал долуш хилахь, налог а йоккхур йу. Mа кхера шайн долара мохк дIабаккхарна а. Мохк бустуш лелачийн Iалашо йу шун доларчу латтанашна дозанаш тоха, шуна йукъара девнаш дIадаха. Амма, шун начальник со хилча, ма хала дара соьга шун мехкан шунаш, дозанаш къестадайта. И шунаш къyьйсуш, шаьлтанаш Іyьттуш, вовшехлеташ, кхачадолуьйтур дара ас шу.

Шина пІeлга лаьцна мекх xьовзош, тобанна тIехула бIаьрг кхарстийра полковнико. Цо хIун боху ца хууш, дист ца хуьлуш, ладоьгIна лаьттара адам.

– Сан багах цхьа дош аьлча, Хаси-Юьртара хьаладеанчу эскаро чим бийр бу шун йуьртах. Суна хаац, округан начальник вийнарг шух мила ву. Бехкениг схьалахь, цунна таIзар дийр ду ас, ца лахь – массарна a. Ойла йан цхьа буьйса ло ас шуна. Кхана Іyьйранна малх схьакхетале зуламхо сан карахь ца хуьлу-кх – тIаккха суна цІоганаш ма хьийзаделаш. Ас ца элира ала дац шуна. ХIара йурт лаьттинчохь чим хир бу, масех стаг ирхъуллур ву, бисинарш Сибрех бохуьйтур бу!

Къамел гочдича, гIовгIа йелира нахана йуккъexь.

– Маьхьарий стенна хьоькху цара? – xaьттира Батьяновс талмаже.

– Бехкениг шайна карор вац, боху.

– Цхьамма хIунда ца олу xІокхара, варраша санна, маьхьарий а ца хьоькхуш? Веханиг, ахь алал, – ЯнгIулбина тIе пӀелг хьажийра полковнико.

– Начальник вийнарг, ведда, Нохчмахка вахна, – сацамболлуш схьахьедира ЯнгIулбис. – Иза воккха стаг ву, бIе шаре ваьлла. Бехк цуьнан бац, шун полконкан бу. Дала дина бехкечунна таІзар. Оцу тIехь гIуллакх чекхдалийтича, нийса хета тхуна.

– Цуьнан гергара нах схьало, ала цаьрга.

– Уьш а бац. Шайн стаг а эцна, бевдда.

– Дика ду хIета, – ла а доьгIна, вистхилира Батьянов. – Со-м хIара гIуллакх машаре дерзо гIертара. Шуна лаац-кх. И цхьаъ дIадели. Ткъа цхьа ахсахьт хьалха гIопера говраш йигнийла хаьий шуна?

– Тхуна хезна дац, хьан оьздалла, – массарна а хьалхара жоп делира кхеравеллачу йуьртдас.

– Шуна хIунда ца хаьа, – тIечевхира Батьянов, – шайн мера кIелхьара кхо бIe гергга говр йуьгуш? Хиъна а ца Iаш, шун бертахь ма йигна уьш. ХІокху минoтeхь орца даккха къушна тIаьхьа. Зандакъехьа дIайигна уьш. Сарале говраш йуха ца йерзайахь, шуна дуьйцу а ца хезна таIзар дийр ду ас йуьртана. Аш жоп дала деза шайн махка тIехь хиллачу зуламах. Iедалан хьаькам а вийна аш, эскаран говраш а йигийтина. Шайна лаьий – йигнарш йухайалайе, шайна лаьий – шайниш схьало. Кхана Іуьйранна кхин къамел хир ду вайн.

ГIайгIане эгна нах а битна, майданара дIавелира Батьянов. Улло иккхинчу йуьртдас дехар дира цуьнга, чай мала чувола аьлла, амма Батьянов цуьнга дIа а ца хьаьжира.

Полковникан хабаре леррина ладоьгIура ЯнгIулбис. Тергалбора цуьнан хIиллане бIaьргаш. Цуьнан леларх ЯнгIулби кхийтира полковник цхьа тешнабехк кечбеш хиларх.

8

ТІотІеш – тиша, тIелхигйевлла бедарш.

9

Сенарваьлла – aгIорвирзина, разваьлла.