Страница 22 из 25
* * *
Лохочу дегIахь, стоммо, хьена лепачу йуьхьца, шалха кхалкъ а йолуш, эскаран хормехь цхьа стаг вара, гонаха накъостий а лаьтташ, трибуна тIера къамел деш. Тавсолта лерина дIахIоьттира цуьнга ладогIа, иза бIаьрла стаг хетта. «Церетели» бохуш, йохура наха цуьнан цIе. «Сталина ваийтина»… «Бериян гергара», «Инарла» ву… бохуш, дуьйцура. Цо къамел оьрсийн маттахь, амма кавказхойн акцентаца дора:
– Цхьайолчу меттигашкахь партизанашна герзаш ца тоьу. Шуьга гlo деха даьхкина тхо. Шайн долу герз, башха а дац, муьлхха а схьалахьара аш: шалгу тоьпаш, шаьлтанаш, тарраш… Тишанаш а мегар ду. ХIокху муьрехь а муьлхха герз а оьшу вайн партизанашна. Шун массо йарташкахь а хIинца гулдеш ду герзаш. Шу царел эша мегар дац…
Дисина гIуллакх шеца баьхкинчарна тIе а диллина, «виллис» тIехь дIавахара иза…
Вукху дийнахь сарале, хьалхаваьлла Тавсолта а волуш, Эскинойхь герз дIагулдира: шалгу-тоьпаш, тарраш, шаьлтанаш… Тавсолтас, шен шалгу-топ а, доьхкарца кхелина шаьлта а ша дIалуш, элира:
– Граждански тIамехь кIайчарна йиттира… хIинца а вайн хуьлда аьтто!
Наха цIенчу даггара дIаделира шайн долу герз. Бакъду, наггахьчо, и дIадала ца лууш, цхьацца бахьана хьовзадора. Тавсолтас тIаккха цхьаболчаьрга Къуръана тIехь дуй боуьйтура. Пхьадуьхерачу, аьхка а кхакханан месала куй лелочу, тIехьаьжча цхьа пекъар хетачу Додин Якъубан а йу ворхIазза йолу тапча, олуш хезира.
И шатайпа стаг вара. Цуьнан багара, сих-сиха схьакъедий, цIен мотт, дакъаделла балдаш дашош, цхьана йистера вукхузхьа разбодий, дехках тера, дIалечкъара йуха. КIарул-Iаьржа хаза бIаьргаш сапаргIат хьуьйсура, дуьзинчу цициган санна. Виллина ламанца къахьоьгуш – йа жехь, йа бежехь, йа нахана дечиг кхоьхьуш – лелачу цунна хIунда оьшу а ца хаьара герз, амма цуьнан и хилар чIагIдора цхьаццамма. Ша Тавсолтас ца витича, цкъа шен чу а вахана, йуха схьа а веъна, цо дуй биира Тавсолтина нахана а хьалха:
– Со кхетам чохь а волуш, xlapa корта ас аганара айичхьана, цхьа а герз хилла ма дац сан карахь!
Нах шайн дагахь буьйлура.
Пхьакхочехь вехачу Сатус а, лоьдгашца ийзинчу томкано мажйина, аьрзун зIок санна, чухьаьвзина, пIелган мIара тIе а йетташ, биира дуй:
– ХIокху Делера охьадоьссинчу, хIокху Делан Къуръанора и хьуьлларниг йоцург кхин топ ма йац сан долахь! – аьлла, шайн цIийнан геннарчу туьнкалган тоьпа тIе пIелг хьажийра цо, массо а бийлош. Ша а тIаккха кIажвахана велавелира и, хераевлла можа цергаш гучуйохуш. Нахана хаьара, цо шен топ цу чухула хьалаоьллина хила тарлой.
Амма цуьнца къовса лууш цхьа а вацара. ТIехьашха «Чамзаркъа» олура цунах наха.
Цуьнан бегаш а, шеха-а шога хуьлура. «Хьо ма хьалхе къежвелла?»– хаьттира цуьнга цхьамма бегашена.
– «Дера, ца къежвелла, хьуна, со дуьненан гIайгIанна-м… Къаьркъа дан ваханарг схьакхаьчна ца волуш, дог эттIа къежвелла-кх», – шен даимлера жоп делира Сатус.
– И таьжгенаш а йитий, долчо герз охьадилла. Ца диллахь, Iедало могуьйтур дац! – элира Тавсолтас.
– Ва Тавсолта! Дуй биъча-м, лачкъийна говр а ма йуьту! Бита беза ахь уьш! – элира маслаIате наха. – Тхан кIоштахь кхин герз дисина дац хьуна!..
Герз шайн долахь доцчара а, дакъалацархьама, таллархойн туьканашкара эцна, тIейехкира шалгу тоьпаш:
– Тхоьгара а хилийта! Партизанашна! – олура цара. Нахана лаьара тIемалошна гlo дан.
Гулдина герз, даьхьна, сельсоветан чу охьадиллира.
Кхано шен «виллис» тIехь, веана, «воккха хьаькам» – Церетели схьакхечира. Резахилира. Тавсолтин белшах дерстана куьг туьйхира цо:
– Молодец, воккха стаг, молодец! ЦIен партизан а эрна ца хилла хьо!
Там хиллачу Тавсолтас чукхайкхира хьешашка:
– Шу иштта дIадахийта йиш йац… Вай цхьа кавказхой ду… Тхуна халахетар ду, тхан кхачех кхетаза шу дахча.
Церетели, велакъежна, гонаха хьаьжира: гIеххьа мацбелла накъостий резахилира, шайца райкомера Далхьад а волуш.
– Дика ду… Дика ду… – аьлла, хьалхавелира Далхьад. Тавсолтас сов сиха, лере цхьа-ши дош аьлла, шайн чу хьажийра, говрахь дIаиккхина тохарлера жима кIант…
ХIорш чукхаьчначул тIаьхьа, дукха хан йалале, Нурбикас хьалха йиллира йуург.
– Цкъачунна xlapa шозза йайина котамаш йу шуна… ХIинцца ас цхьа кхин гIайгIа а бер вайна! – элира Тавсолтас, хьеший охьа а ховшош.
– Муха… шозза йайина? – хаьттира цецваьллачу Далхьада.
– Цкъа – уьрсаца, тIаккха – кечйан цахаарца.
Котамаш, шортта хохаш а, даьтта тоьхна, мерза кечйина йара, амма нахана хьалха зуда хастор осала лорура Тавсолтас.
Хьешашка хьажар Далхьадна тIе а диллина, аравелира и. Цхьа хан йаьлча кертара схьа, къиладаьлла доьлхучу беран мохь хезира Далхьадна. ХIун ду хьажа уьйтIа ваьлча, цунна гира, шен цхьаъ бен йоцу газа дитта кIел охьа а тоьхна, шаьлта хьакха гIерта Тавсолта. Газанан къаьрзинчу можачу бIаьргех, ладар санна, бIаьрхиш охьаоьхура: Iоьхуш, йалан ца лууш, ворта дIасахьийзайора цо шаьлтанна кIелхьара.
– Хьо хIун деш воллу, Тавсолта?
– Цхьанххьа а уьстагI ца карийна, xlapa авст, мукъа, йен воллу-кх…
Хьешаша маларца цхьаьна чомехь йиира къона газа. Далхьада мотт ца туьйхира.
Хьеший дIабахча, Тавсолта йуха а кхоьлина вара: иза реза вацара Нурбикина, – шега геланчо дIааьллашехь, цуьнга урс ца хьокхуьйтуш, газа цо кхоайарна… TIe, Нурседас динарг а ца долура даг чуьра…
Кхин цхьа кIира даьлча хезира: Расул, райцентрехь керла квартира а йелла, шен нускалца ваха хиъна аьлла.
* * *
Тавсолта волчохь доьзалехь цхьамма а Нурседин цIе ца йоккхура.
ЦIентIера гIуллакхаш a, гlap йайина, тийна дора Селитассий, Нурбикассий. «Дауд… Увайс… хIинца… Нурседа!» – шайх къаьстинарш йух-йуха дагахь багарбора Селитас. И хIинца кест-кеста йоьдура Анна Львовна йолчу: селхана хьехархо хиллачух гIайгIано тахана нийсархо йинера.
Анна Львовнас шайн школехь йуьхьанцарчу классийн хьехархочун балха а нисйира иза, тIе, партин историн «Краткий курс» Iамочу кружоке эхар тIе а диллира, рогI-рогIана Лев Толстойн, Тургеневн, Чеховн, Горькийн, кхечийн а книжканаш, йеша а лора, мукъа ца йита гIерташ. Селита чуйуьйлира книжкаш йешарна…
Денош дIаоьхура.
Кху гурахь шайн бешара дуьххьара гулбина стоьмаш, кIезиг белахь а, посылка а йина, фронте бахьийтира дешархоша, йуккъе Селитас йаздина кехат а диллина. Бутт а балале жоп деара, майоран Терентьевн, капитанан Албастовн цхьаьний даьккхина сурт а чохь. Амма Увайсах хаам хIинца а бацара: цунах лаьцна Кесире кхин цкъа а деара, иза «тIепаза вайначех ву» аьлла, кехат. Иза воцург а лерина, селхана тезет а дина, цIерачара хIоллам буьйгIира цунна йуьртан кешнашкахь.
Селитин даг чу ша биллира. Даудера а кехат ца догIура йуха а дукха хенахь дуьйна. Почтехь кехат дуйла хьажа арайелира иза.
Почте дIа а кхачале сельсоветан маьIIехь гулйелла пхьоьха гира, хил дехьарчу гарнизонехьа куьйгаш а туьйсуш, карзахе цхьаъ-м дуьйцуш. ТIейахара:
– Уьш хIунда гулло-те кхуза?..
– Сийсара-м уьш шозза а совбевлла…
– Дера, шек ма ву со, «и» бакъ дуй-те аьлла! – пхьоьхана йуккъера дIавахара цхьа воккха стаг…
– Цо бохург хIун дара? – хаьттира цхьамма цеце.
– Ца хезна хьуна? И доллу эскар вай дерриш а, нохчий а, гIалгIай а, шайн доьзалшца цхьаьна махкахдаха гулдо бохуш?..
– И-м бакъ хир дацара…
– Ткъа хIунда гулдо xlopш сел лерина?..
Селита, йагийча санна, сиха чуйахара: и тайпа хабарш наха цкъа долийнера масех бутт хьалха, и эскар дуьххьара кхуза ма-оьззинехь. Амма хIетахь райцентрехь, туп а тоьхна, Iачу церан полковника, нах гул а бина, хаийтира: эскар кхуза ломан арешкахь Iаморан дуьхьа гулдеш ду. Хабарш севцира.
TIe, кестта эскархоша йуьртахошца цхьаьна, хелха а буьйлуш, синкъерамаш бан болийчахь-м, и хабарш диц а делира. ХIетте а, кхано, цхьа хан йаьлча, эскархоша сихдина ломан некъаш а тадеш, мел оьшучохь тIеш тохкуш, зIенаш йалош, шайна гича, цхьаберш йуха а шекбевлира:
– Стенна тадо некъаш сел лерина? ХIунда йохку зIенаш?
– Хьанна оьшу кхузахь оццул тIеш?.. – адамийн даг чохь йуха карзахйевлира къаьхьа шеконаш.
Амма йуха а и тайпа «провокацин къамелаш» дийраш, ца кхоош, Iедало чубохка болийча, севцира и хабарш: тIехула тIе, шайх цхьа а ца тешшал тIех акха а, даго тIе ца оьцуш инзаре а дара уьш. Амма тахана йуха а уьш карзахдевлира.