Добавить в цитаты Настройки чтения

Страница 6 из 38



– ХIокхо дийцарехь, кху областехь баьхна кхиамаш берриш а Евдокимов бахьанехь хуьлу, – ца вешаш, чIичкъавахара Лорис-Меликов. – Ткъа со тIехьа, IиндагIе, тоьтту. Нагахь хIокхо йуьйцу ойланаш а, кхиамаш а баккъал Евдокимовн хиллехь, инарла Кундухов Нохчийн округан начальник хIунда хIоттийнера цо? Хетарехь, Аргунски а, Ичкерински а округашкахь хиллачу Евдокимовс, нохчашна хьалха цIога лесто ойла йолуш, царна тIе Кундухов хIоттийна.

«…Оцу къастам боцчу, амма вайна халачу хьолах кIелхьардовла шиъ бен некъ бац: хьалхара, сацамболлуш тIейогIучу хенахь гIаттам хиларна кхерам гуттаренна а дIабоккхуш берг – берриг нохчий Теркан а, Соьлжан а аьрру агIонаш тIе а, Жимачу ГIебарта а кхалхор, Соьлжаца хьала ГIачалкх-Дукъа тIе хIотталц, ломан когашца нохчийн лаьтта тIе Соьлжан 1-чуй, 2-чуй полкан станицаш йахкарца аренан Нохчийчоь Теркан а, Дагестанан а областийн ламанан округех дIакъастор. Иза дича, вай тIаьххьара а, гуттаренна а чIагIло, Теркан областехь-м хьовха, Дагестанехь а. Шена йалтийн база хилла лаьттачу Нохчийчоьнах дIахаьдча, цкъа а меттахъхьан йаьхьар йац Дагестан. Амма, и план кхочушйан доьлча, вай кийча хила деза нохчашкахьара хинйолу луьра дуьхьало кагйан. Кху сохьта Кавказехь болчу вайн ницкъе хьаьжча, и тIом бахлур бац, шина-кхаа кIиранах чекхбала а тарло, амма йуьхьанцара тасадаларш Iаламат луьра хир ду…

ШолгIа некъ – кIез-кIезиг, сих ца луш, нохчий Турце кхалхор.

И план кхочушйан доьлча, вайна оьшу, лаххара а, пхи-йалх шо хан а, оцу йерриг а хенахь арахьарчу мехкашца чIогIа машар а, нохчийн муьлхха а гIаттам хьаьшна дIабаккха, Теркан областехь диллина латто тоъалчу барамехь эскарш а. ТIаккха а, цхьа хьалххе дуьйна гушдоцчу бахьаница, кхузахь цIе летар йац ала а даьхьар дац. Цундела, иштта меттиг тIенислахь, Кавказан кхечу къаьмнашна хьалха вешан Iедалан сий лардархьама, ас гайтинчу шина некъах хьалхарниг дIабахьа, йа, вуьшта аьлча, берриг нохчий Соьлжан аьрру агIон тIе кхалхорца, тIейогIучу хенахь гIаттамаш хиларна кхерам гуттаренна а дIабаккха, и хьалхара некъ дIабахьа коьртакомандующина йерриг бакъонаш йала йеза…»

– Цигара хьал-м шуна массарначул а дика хаьара суна, – барт туьйхира Михаил Тариэловича. – Цхьана дийнахь шайн тIеман кхиамаш хилчахьана, кхин тIаьхьалонан ойла ца йеш, тIенисбел-беллачу меттехь станицаш а, тIеман чIагIонаш а йехкина. Коьртаниг ца гина. ХIетахь кортошца ойла йан йезара, хьомсара государаш. Цхьа а низам доцуш туземцашна йуккъе баржийначу оьрсийн бахархойн ницкъ бац хIоьттинчу хьолана тIеIаткъам бан. ХIинца оцу Iовдалша кегийна худар ас даа деза. ЦIий а Iенош…

Дешна ваьлла кехаташ, деалха а тоьхна, оьгIазе конверта чу таIийра цо.

II корта. Дагахь доцу г

I

о

(Дешхьалхенан тIаьхье)

Зиэделларг ду, шайгара девлла зуламаш шайн карарчу Iедалан гIоьнца тIекхуьучу тIаьхьенах къайладахалур ду моьтту нах телхина хилар.

Корнелий Тацит

1

Михаил Тариэловичан ойланаш йукъахйехира тIулг хьажош тобиначу урамехула гергадогIучу говрийн ленаш тоьхначу бергийн татанаша. Иза хазза ладоьгIна а валале, йиллинчу гIопах чоьхьавелира дикачу дойшкахь герзах воттавелла йалх бере. Хьалха сирачу динахь вогIура хIокху махкахь хийла эпсар шех хьоьгу элдарчу дегIара, куьце хIирийн округан начальник инарла-майор Кундухов. Цуьнан некъахой бара виллина дIа цуьнца хуьлу воккхаха ваша Афако, кхин виъ йалхо а.

Каде динара а воьссина, кхин дIасахьажар доцуш, цIа чу волавелира Кундухов. Цо урх тесна йитина говр, йиэгa а йелла, бай тIе тIа детта йуьйлира.

Дукха хан йалале чувеанчу Лорис-Меликовн адъютанто Золотаревс, Кундуховс ша тIеэцар доьху, элира.



– Чувола ала, – кхоссар а йина, вусавелира Михаил Тариэлович.

Шаьшшиъ ший а кавказхо а, цхьана гуонан ши стаг велахь а, Кундуховга безам ца летара Лорис-Меликовн. И цабезам хила бух а ма бацара. Кундухов хьуьнаре инарла а, говза дипломат а, хIокху ламанан халкъашлахь лоруш стаг а ма вара. ХIетте а, цуьнга ладоьгIча, леррина хьаьжча, оцу арахьарчу куьцаний, хьекъалечу къамелний тIаьхьа шалхо хиларх шеквуьйлура. Амма империна дикка гIуллакхаш дина, Петербургехь йаккхий зIенаш йолуш а стаг иза хиларна, мел ца лаахь а, Кундухов лара дезара Лорис-Меликовн. TIe, дукха хан йалале xIapa берриг ламанхой гучуьра бовларе догдохуьйлаш хиларо дагна маслаIат а дора цунна.

– ОxI, сан хьомсара Муса Алхазович! Мича махо валий-те хьо со волчу!

БIаьргаш а, йерриг йуьхь а йекхайелла, Кундухов маракъовла санна, ши куьг дIаса а тесна, кегийра гIулчаш йохуш, цунна дуьхьалвахана, иза, пхьарс лаьцна, гIиллакхехь кIедачу гIанта тIе валийра цо.

Ша дуьхьал охьа а хиъна, хаттаме хьеше хьаьжира Михаил Тариэлович.

– ТIаккха, хьомсарниг, хIун ду керла? Оцу хьайн Скут-Кохахь дукха сагатдой ахь?

Гоьл тIе ког а боккхуш, гIантан гIовли тIе куьйгаш дехкира Кундуховс.

– Лаьмнашкахь мичара хезар дара керланиг? Уьш кхузара, Владикавказера, дIа ма кхочу тхоьга. Цул, ахь дийцахьа, Михаил Тариэлович, хьайн гIуллакхаш муха ду?

– ХIун аьлла жоп лур дара хьуна? Со кхузахь волу шо а ма ца кхаьчна. ЖамIаш дан тIех кIезиг хан йу иза. Доцца аьлча, планаш йаккхий йу, ткъа динарг кIезиг ду.

– Цуьнан императоран воккхалло империн уггар хала а, чолхе а область йелла хьан кара. Цо гойту, иза хьох чIогIа тешаш а, догйовха а хилар.

Цхьана минотана коьртера дIайевлла чолхе ойланаш, уьйриг хилла, йуха а чухьаьвзира. Лорис-Меликов, везза хьала а гIеттина, доца ши куьг тIехьа а диллина, кегийра гIулчаш йохуш, чухула дIасаволавелира.

– Бакъдерг аьлча, Муса Алхазович, государь-императоро и тешам сайна баларх дозалла до ас. Амма хала ду-кх кхузахь, инзаре хала. Ша Дела воцчунна басталур бац хIара шайтIанийн шад. Кхин хила амал доцуш, йухахьара къам ду и нохчий. Кхузара тIом чекхбаьлла моьтту массарна а. Ткъа иза аьттехьа а доцийла, хьуна ма хаьа. ХIокхеран къармазаллий, сонталлий фанатизме йирзина. Кху махкара дисинчу дерриг а къаьмнаша вайн гражданалла тIеэцна, дуьхьало йоцуш Iедална текхамаш а бо… Амма Нохчийчохь иза хьеха а ца дойту. Бехк ма биллалахь, Муса Алхазович, сапаргIат дийцалац соьга.

– XIаъ, хьан локхалла, чIогIо бIар ду Нохчийчоь, – элира Кундуховс, шен Iаьржа-месалчу мекхашна куьг а хьаькхна. – Цунна къера хила дезара тоххара. Закавказера а, Дагестанера а къаьмнаш къардан атта хилира вайна. Цигара хьалхалера Iедал вайчуьнца хийцичхьана, дерриг а дIанисделира. Церан тIулган лаьмнаш колонизацина дезар дацара. Вешан гIорторашна цигахь оьрсийн цхьа йурт йа штаб-квартира йилларо, мохк шуьйра хиларна, меттигерчу халкъийн бахамаллин дIахIоттамна новкъарло ца йира. Цул сов, вайца йеххачу хенахь биначу тIамо талийна, чIанабаьхна, гIелбина Кубанан областера ламанхой а, шайна йукъа гIалгIазкхий ховшо болийча, уллохь хIорд хиларо аьтто бина, Турце а кхелхина, вайна дуккха а латта мукъаделира. Цигахь бисина меттигера кIеззиг бахархой вайн правительствона кхераме хуьлучуьра бевлла, ткъа хенан йохалла, колонисташна йукъа а ийна, уьш лар йоцуш бовр бу. Буххенца кхечу хьелашна, кхечу халонашна тIеIиттаделира вай, Нохчийчохь вешан Iедал хIотто доьлча. Цкъа-делахь, областехь бIе эзар гIалгIазкхи ваха хаоро гатте йина нохчий шайн хьалхалерчу бахамаллин кепех бохийна. ШолгIа-делахь, дIасабовла меттиг бац церан. Къилбаседехьа – йекъа, йаьсса гIамаре аренаш, къилбехьа – лекха тIулгийн лаьмнаш. Оцу хьелаша вайна некъ боьхку гражданство тIеэца Iемина доцу и къармазе къам областал арахьа даккха. Доллучул а вайна хало йийриг кхин а ду – уггар токхе ах мохк цаьргара вай схьабаьккхинехь а, церан долахь стратегин Iалашонна доккхачу маьIне болу важа мохк бисар.

– ХIаъ, Муса Алхазович, – корта хьовзийра Лорис-Меликовс. – Нохчий хIокху хьелашкахь битахь, машарей, синтемей догдохуьйла йац вайн. Амма кIелхьарвала цхьа ков доцуш хало а хилац. Йерриг Кавказехь вешан Iедал хIоттийна вай, Нохчийчохь а хIоттор ду.

– Бехк ма биллалахь, Михаил Тариэлович, амма, нохчий Жимачу ГIебарта кхалхо Iалашо йолуш, ахь хIоттийна план кхочушйалур йоцуш хета суна. Нохчийчоь шина декъе йекъар – иза йуха а цкъа тIамца дIалацар санна хуьлу.