Добавить в цитаты Настройки чтения

Страница 36 из 38

Сема дара тховса ДанчIин мискачу хIусамехь. Хьешан цIа чохь цIенкъа тесначу къорзачу истанга тIерачу жIай-гIантахь, сих-сиха бага а гIеттош, гоьл тIе ког а баьккхина, сингаттаме Iара векъана, хан тоьхна стаг. Цунна уллохь пенацарчу терхи тIехь богучу чиркхан серлоно къегайора цуьнан белшаш тIера хьесан погонаш. Некха тIехь лепара императоран таж, тарраш тIера шолгIачу даржан «Святой Аннин» орден, 1837-чу шарахь императоро Кавказехула бинчу некъан хьурматна йелла дато мидал. Кочахь кхозура «Доггах гIуллакхдарна» аьлла тIейаздина дашо мидал, андреевски ленти тIехь лепара «1853–1856-чуй шерашкахьлерчу тIемашкахь дакъалацарна» йелла борзанан мидал. Царна лахахь йоллура «Нохчийчоьй, ДегIастий карайерзорна» мидал. Голашна йукъа а лаьцна, ирахIоттийна дара «Майраллина» тIейаздина дашо тур.

Цо лаххьийна Iамийнера кIуьрзо Iарждинчу дерзинчу пенаш тIера массо дотIана а, сиз а. Цхьана секундана цуьнан хьажар тIехь сецира неIарехь хIоьттина лаьттачу жимачу кIантана. Амма, берзан кIезанан санна, къегачу цуьнан бIаьргашна дуьхьал хьажавелча, эпсаро шен хьажар сихха цIенкъа дуьйгIира. И кIант цунна тарлора хеса йугIучу мунданах. Йоьхна калдайаьлла, летийна къарзйелла, стенах йина ца хуучу йаьлла гIовтал. Цунна тIехула йихкина жима шаьлта. Доьхкарх йоьллина тапча. КIайчу кхакханан тишачу куйна бухара схьахьоьжу майра ши бIаьрг. Царна чохь гора само, оьгIазло, цабезам. Куьг а ду, воккхачо санна, шаьлтанан макъарна тIедиллина.

Эпсар дагахь велавелира.

«Шек дIа а вуй иза? – бохура цо. – Кхечахьа нисвелча, шен аьтто баьлча, со вуьйр а волуш, ткъа хIинца, кху тхов кIел, сан коьрта тIepa чо ца талхийта, шен са дIа а лур долуш лаьттийца. ТIекхуьучу чкъуран а безам бац тхоьга. Баккъал а аьлча, xIapa керла питана меттахъхьедийраш къона тIаьхье ма йу. ДIабаханчу бехачу тIеман халонаш Iаьвшинчу баккхийчу наха-м дог ма диллина толамах».

Шен кисанара схьадаьккхина шалхатоьхна жима кехат, даржа а дина, чиркхан серлонга хьалалецира хьешо. Цуьнан бIаьргашна хьалха хIиттира хазачу хотIаца цIеначу оьрсийн маттахь йаздина нийса могIанаш:

«Господин полковник!

Дехар ду хьоьга, вайн массеран а йукъарчу гIуллакхан дуьхьа, гуттар къайлаха xIapa кехат хьайга деллачуьнца цо тоьхначу хенахь цо йиллинчу метте вар. Кху стага жоп ло хьан дегIан маршонах».

Кехат тIехь цIе йацара иза йаздинчун. Шега хеттарш дарх, xIyсамдас а ца вийцира иза. Амма полковникна хаьара и йаздинарг сонтачех стаг воцийла. Кехат чIогIа ларлуш йаздинера. Цхьаннан карадахарх, хуур дацара и хьан йаздина а, хьаьнга йаздина а. Тахана цо дукха ойла йира, оцу кехато кхойкхучу гIo-те йа ма гIo-те ша бохуш. Йиллинчу метте ша ца вогIуш Iийча, кIиллолла висина аларх кхоьрура. Дукха хан йац цо, элана Тумановна улле а хIоьттина, Кунта-Хьаьжин мурдаш байъина. Царах дерочунна тIенислахь, тоьхна Iункар вохуьйтур ву. Тешам боцуш зама йу xIapa. Амма полковник а вац кIиллочех. Цул сов, хIусамда йукъара хилла цуьнан маршонна. ДIа ойла йича, кехат йаздинарг а ву оьзда стаг.

Кехат, шалха а тоьхна, хьалхарчу кисана а диллина, схьадаьккхина, сахьте хьаьжира иза. Цхьайтта сахьт дала итт минот йара. ХIусамда чуьра араваьлла а йара сахьт гергга хан. Кертахь хIоьттинчу тийналло а, цIа ван хьевеллачу хIусамдас а, цIоькъалоьман кIорни санна, цабезаме шега хьоьжуш лаьттачу кIанта а даг чу гIеххьачул кхерам туьйсура цунна. Делахь а, дехьа чохь кхача кечбеш текх-цаций, пхьегIашший вовшахйеттачу хIусамнанас синтем бора полковникна.

Арахь жIаьлин буьрса гIовгIа йаьлча, шен голаш йуккъехь лаьттачу туьрах катуьйхира цо. Цуьнан тидам хиллачу Болатан къайлаха велавалар иккхира. Иза тосаделлачу полковнико, шен даг чу иккхина кхеравалар къайладаккха гIерташ, тур нисдо кеп а хIоттийна, йайн йовхарш туьйхира. ЖIаьлин гIовгIа сихха дIатийра. Когийн дайн тата неIаре деара, дукха хан йалале дуьхьаларчу цIа чу адамаш девлира.

Шо гергга хан йара Берса винчу йуьртахь хилаза. Кхуза кхаьчча, карлайолура генна дIайахана бералла. ХIара ша вина йурт, берахь левзина меттигаш гархьама, Басс-хин лохачу бердашка бIаьрг тоха, цуьнца шен дегIе керла ницкъ эцархьама, наггахь цига а вогIий, кху ара бIаьрг бетташ, хуий Iай, воьдура иза. Амма кхузахь вац цуьнан цхьа а. Йеккъа цхьа денвешин йоI Хеда йоцург. Йижарий, вежарий Берсин хилла а бац. Нана а йелла иза жима волуш. Ткъа да, дийна велахь а, цо велла лору…

Дуьхьал цIа чохь ах бодашкахь цIеран серлонехь текхахь мижарг хьакхош йоллу Хеда, Берса неIарх чоьхьа ма-веллинехь, схьахьажайелла, хьала а иккхина, шен ахьарх, мижаргех дуьзначу куьйгашца иза мара а вуллуш, цунна тIекхийтира.

– Докку! Докку! Дела йала хьан нанас ца йина йиша! Хьо мичахула лела-те, лела мукъана?.. Сан нанас бинчийн санна, айъина керта шийла дакъа дохьур-те йа мецачу берзалоша даьIахкаш йаьжна, сутарчу хьаргIанаша ши бIаьрг мелла, орцахвала ваша воцуш, тийжаш йелха йиша йоцуш докъаза вовр-те бохуш, ас-м дукха сагатдой хьуна, нанас ца йина йиша йала хьан, Докку…

Шен некха тIе а таьIна, йоьлхучу Хедин коьртах дай куьг хьоькхуш, цуьнан догъэца гIертачу Берсин бIаьргаш тIунделира. Дог Iийжара тIамо да а, шиъ ваша а вийна, цхьа йисинчу оцу декъазчу зудчух.

– Ма йелха, Хеда, ма йелха. Берриш а бу Делан белхаш. Цо йаздинчух вер вац цхьа а, – шича тейан гIертара иза. – Осала ма хила, вай цхьанна гича, иэхь ду…

Шина шичин вовшашка болу безам а, марзо а, ткъа иштта наггахь цхьаьнакхетча, хилларш карла а долий, цаьршиннан ойла хуу ДанчIа неIарехь, вист ца хуьлуш, хIоьттина лаьттара. Эххар а, шех хьерчачуьра Хеда меллаша дIа а йаьккхина, хьешан цIа чу велира Берса.

– Ассалам Iалайкум, суьйре дика хуьлда хьан, полковник!

Цавевзарг чоьхьаваларе хьоьжуш Iачу полковнико, ша Iачуьра парттал хьала а гIеттина, шен аьтту куьйгара кIайн кара дIа а даьккхина, хьешо шега кховдийна куьг меллаша схьалецира.





– Ва Iалайкум салам, диканна вогIийла хьо а!

Полковнико леррина бIаьрг туьйхира цуьнга. Амма, йуьхьа тIе таIош коьртах хьарчийначу башлакха йукъара схьахьоьжу догцIена майра ши бIаьрг, кIеззиг хаалуш дукъ тIедаьлла боккха марий, цунна кIелхьара дуькъа, Iаьржа, хаза хьовзийна мекхаш доцург, хIумма а ца гора. Делахь а, цуьнан дегIах, боларх, къамелах хиира полковникна иза оьрсийн эскарехь кхиъна нохчо вуйла.

Коьртах хьарчийна башлакх дIайаьстина, ДанчIе дIа а кховдийна, маьхьсеш когахь истанга тIе а ваьлла, ши ког чучча охьахиира Берса.

– ТIаккха, Къосам, шу могаш-паргIат дуй? – хаьттира цо, нохчийн эпсарша а, хIетта зIок тоьхна, чкъоьргара кортош арадаха гIертачу чиновникийн интеллигенцис а, оьрсех тарбала гIepташ, вовшашлахь йоккхуш ма-хиллара, цуьнан цIе ден цIарца а ца йоккхуш. – Доьзалш муха бу?

– Далла бу хастам, дика Iа тхо. Шу а деца могаш?

– Дала дика кхобу. Суна бехк ма биллалахь, сайл ханна воккха а, йукъараллин меттигца лакхахь а волу хьо ас схьакхайкхарна. Цаторуш гIуллакх нисделла, дира ас xIapa.

– Бехке дац, – полковник леррина Берсега хьаьжира. – Сайна хьо цхьанхьа гиний-те, моьтту-кх суна?

– Гина хир ву.

– Тамаша бу-кх, суна гинчу хенахь хьуна тIехь гусарийн эпсаран мундир а, нагахь со виц ца веллехь, хьан белшаш тIехь капитанан аксельбанташ а ца хиллехь?

– Цул а мехалчо тоьхна вайша вовшах, полковник.

– Хьан некха тIехь Святой Аннин орден, Георгин жIара а йарий-техьа, моьтту суна?

– Дерриг а хила тарло.

– Делахь хIета, хьайн цIе йийцахьа суна, господин капитан? – цавашарца хаьттира полковнико.

– Бехк ма биллалахь суна, господин Курумов, – тIаьххьара ши дош, цо санна, кIоршаме хьажош элира Берсас. – Со капитан воцу йалх шо ду. ДуьххьалдIа нохчо Барзин Рохьмадан Берса ву со.

Полковнико тидаме а ца ийцира Берсин йуьхь тIехь а, къамелехь а шерра гун кIоршамалла.

– ХIаъа, хIаъа, хIинца дагавогIу! Фельдмаршалан Паскевичан эскарша венгрийн мятеж хьошуш, инарлин Лиддерсан отрядехь гIуллакхдеш хилла капитан Барзоев вай хьо-м. Со гIалат вацахь, цигахь доггах гIуллакхдарна капитанан чин а, орденаш а йелира хьуна. Хьан да гергара стаг ву сан. КхоалгIачу гильдин совдегар. Дена хьалха кIентан декхар ахь кхочуш ца дой-те, моьтту суна. Барзоев, тов. Россера цIа вирзича, Соьлжан-гIопехь гина суна хьо. Йуха, Гермачигахь хиллачу тIамера дезертир хилла, ведирий хьо?