Добавить в цитаты Настройки чтения

Страница 33 из 38

– Сой? Нагахь вайн ахча ца тоахь, сайн цхьайолу цхьа шарбал йоьхкина а, вахийта реза ву!

– Вела шуьшиъ! Дика ойла йича, воьлхур вара. Вайн халкъан дакъазалла, атталла вешан эвлайаъ а ца хилла вайн. Мансуррий, Бийболаттий дIаваьлчхьана, корта боцуш дисина. Арахьара стаг, иза къу велахь а, сагIадоьхург велахь а, ги а вуллий лелаво. Муьлш бу вай вешан имамаш бинарш? Арахьара нах. Мел адам хIаллакьхилла уьш бахьанехь? ХIунда боху уьш лакха? Вешан Iовдалалла!

Лакхара динадай хьахабелча, даим а карзахволура Маккхал. Амма иза тахана санна оьгIазе цкъа а ца гинера Аьрзуна.

– Кхин а ду цхьаъ, Маккхал, – элира леррина ладоьгIучу Берсас. – Маршонехьа къийсамехь дин, къаьмнаш, тайпанаш а къесто иэшац. Маршонан гIуллакхна тешаме верг вайн ву, дуьхьалверг – мостагI. Мичча къомах, динехь велахь а. Ас дуьйцу ца хезна хьуна, Венгрехь маршонехьа гIеттинчу халкъаца массо а къомах нах бара. Церан гIаттам хьаша баьхкинчу шайчарна дуьхьал леташ. Коьртаниг стеган дог-ойла, адамалла, оьздангалла, къонахалла йу.

– Ахь дуьйцург ша ду, Берса. Вай а ца къестийна къаьмнаш а, дин а. Шен махкара эккхийна, гIаддайна веанарг вешан ваша вина тIелаьцна. Оьрсий, гуьржий, хIирий, гIебартой, чергазой, кхин дуккха а. Ас буьйцурш кхин бу. Йа шен а, йа вайн халкъан а бала а боцуш, шайн аьттонна Iовдал нах лоьхуш, вайн махка богIурш. Вайна вешан стаг ца везий хууш, кхуза схьа а богIий, вайн коча ховшу уьш.

– Ткъа вай вешаниш лерац, – дуьйцура Маккхала кхидIа. – Вешаниш хIаллак муха бийр бара-те бохуш, лела. И хуучу арахьарчара цунах пайдаоьцу. Жа санна, шайна луъ-луучу агIор дIасахьийзадо. Къуръан тIера цхьа-ши айат дагахь деша хууш хилчахьана, арахьара стаг ги вуллу. Кара а оьций, куьйгаш тIехь лелаво. Даош, малош, тIедухуш кхобу. Вешан Мансурах хIун дира вай?

– Уьш массо бехвар нийса дац, доттагIий. Оцу тIебаьхкинчарна йуккъехь а бара майра а, хьуьнаре а, оьзда а къонахий. Халкъ дезаш, даггара цуьнан маршонехьа, бусалба динехьа а къуьйсуш, леттарш, белларш а бу.

– Ишттаниш кIезиг бара царалахь, – элира Маккхала. – Вайн вешаниш дуккха а хир бара, вайна хилийта хиънехь, хилларш ларбинехь. Вайна ца хаьа вовшийн лера, вовшийн сий дан. Вовшашна йуккъера хьаьгIнаш, гамонаш йу вайх адамаш хила ца дуьтурш. Халкъан барт белахьара йа и барт бан къонахий белахьара, хIара Iедал тIера дIакхоьссина йа цуьнца машар хилла, гIуллакхах тоххара цхьа aгIo йаьккхина хир йара. ХIинца иза а йа важа а дац. Iу воцу бажа санна, даьржина лела.

– ХIун дийр дара ткъа, хIокху масех бIе шарахь иштта Iамийна-кх вай. Даим дIа тIемаш, хийрачийн олаллина дуьхьал къийсам. Шаьш бIарздича, хIораммо а кIелхьарвала некъ лохура. Боьхий, цIений ца къестош.

– Иштта-м дара иза, Маккхал, – элира Берсас. – Вайна ваьшна йукъарчу хьаьгIнаша а, девнаша а новкъарло йо оьрсашца машар бан а, паччахьан Iедалх кIелхьардовла а. И имамаш кхечу къаьмнашлахь хIунда бац? Масала, ХIирийчохь, ГIебартахь, Чергазехь? Бахьана стенах доллу? Кхетамах. Хьекъале стаг ша саннарг Iехо ца гIоьрта. ГIуллакх хир доцийла хаьа. Шел Iовдалниг лоху цо. Ас цIераш йаьхначу мехкашкахь, Нохчийчохь санна, бодане къаьмнаш ма дац. Къуьно къола серлонгахь ца до. Къуьнна бода а, барт а боцу меттиг йеза. И ший а Нохчийчохь долуш ду. Цундела нах Iехо луург кхуза вогIу. Вайна йукъа питанаш туьйсуш, вай Iехош, тIум санна, даа.

Генадоццуш хьуьн чохь диг детта долийра. Дукха хан йалале кхагаран, кIуьран хьожа йеара цигара схьа. Хьун хьоькхуш, йагош, ирзош дохуш бара нах.

– Дависарг, дуьненан Iилма хууш нах белара вайн, – элира Маккхала сатийсаме. – ХIун Iамадо хьуьжаршкахь? Къуръанаш, жайнаш. Кхолламна сатохар, собаре хилар. Оцунна-м реза ду вай, Дала мукъалахь. Дала лардойла вай Шех а, динах а цатешарх. Амма вайна дуьненан Iилма а ма оьшу. Цуьнца ду вайн халкъан хиндерг. Амма вайнахана и хаац. ХIоранна а ша эла хета. ТIелхигваьлла, къоьлла къикъвоьлла велахь а.

Берса охьахиира.





– Лаьмнашкахь вехаш хилла, боху, дика къонах а, хьекъале а ву бохуш, генна махкал арахьа а цIейахана цхьа стаг. Иза лоьрура сирбеллачу къеначара а. Цунах дагабийла богIура ХIирийчуьра, ГIебартара, Чергазойн махкара. Иза вуьйцу хезна, ган веана гена махкара цхьа эла. Цуьнан куьце, ницкъе, хьоле а, бахаме а хьажа. Веана кхаьчна иза воккхачу стеган йуьрта. ДIаса бIаьрг тоьхна. Цхьаннахьа а гуш, гIала-м хьовха, xIapa ду аьлла цIа а ца хилла. Хаьттина эло, хIокху эвлара мукъане а вуй и цIарна а цIейахана хьенех. Цунна цхьа лаппагIа гайтина, кхечарах къастам боцуш. ХIара кетIахь сецча, тIевеана дукхе-дукха безамехь воккха стаг а, куьце виъ кIант а. Иэца ма-веззара тIеэцна хьаша. ХIусамна чувахча, кхин а цецваьлла иза. Гуобаьккхина къоьлла. Хьаша кхача биъна ваьлча, гIуллакх хаьттина хIусамдас. «Делхьа, воккха стаг, Нохчийчохь вехаш цхьа хьекъале, оьзда къонах ву бохуш, хезнера суна тхайн махкахь, – долийна эло. – Иза ган, цуьнан хабаре ладогIа, цуьнан бахаме, хьоле хьажа араваьлла со, хоьт-хоьттуш, хIокху йуьрта, хIокху хIусаме кхечи. Ас лоьху стаг наха, хьо ву, боху. Къечу стагана хала ду къонах хила. Махкахь а, махкал арахьа а вевзаш стаг муха хилла хьох?»

Воккхачу стага жоп делла: «Суна а, сан хIусамнанна а вовшийн дезара. Охашимма вовшийн сий дора. Иза гучу тхан бераша а лийрира со. Доьзало сий деш, лоьруш гича, лулахоша а лийрира. Лулахошна со стаг хетча, йуьртана а хийтира. Йуьрто сий деш гича, махко а сий дира сан. Махкахь йахана цIе гена мехкашка а кхечира. Нахана со ву моьтту стаг сох винарг уггар хьалха сан хIусамнана, тIаккха доьзал а бу, хьаша».

И хабар а дийцина, цунах жамI ца деш, йуха а дIатевжира Берса.

– Иштта ду гIуллакхаш, кIентий. Вай хьалха ма-аллара, стеган сий шегара, шен доьзалера долало. Уггар хьалха ваьш лера хаац вайна. Эрна ца аьлла Шемала: нохчийн шайн диканиг лакхавоккхуш гу а бац, вуониг чутосуш ор а дац. БIаьрзе ду вайн халкъ.

– ХIетте а, Берса, луларчу халкъашца дуьстича, дукхе-дукха маьрша даьхна вайн халкъ. Гихь элий а боцуш. ВархIий дайшкахь дуьйна дуьненан цхьана а паччахьна хьалха корта а ца таIийна. ХIинца а таIо ойла а йац. Оццул дакъаздаккхий а ма дийцал аш вайн гIуллакх.

– Ма бIаьрзе стаг ву-кх хьо, Аьрзу, – мохь белира Маккхалан. – Вайн халкъан а ма бара шен хьолахой. Царал сов, тIебаьхкина элий а, неI хьеллац вайн халкъ дацош. Бакъду, кхечу къаьмнашкахь санна, хьолахойн долахь дацара вайн адамаш. Цхьаннех бозуш боцуш, маьрша баьхна вайн дай. ХIор а стага ша лардора шен сий, маршо. Цунна гIаролехь лаьттара вайн Iадаташ а. Амма пайда барий ткъа оцу маршонан, дерриг халкъ къен, бодане хилча? Бакъду, луларчу къаьмнийн элий къиза бу, цара шайн халкъаш сийсаздо, Iазапехь дахкадо. Амма – оццу элаша, дуьхьало ца йеш, шайн лаамехь оьрсийн паччахьехьа а бевлла…

– Цулла а, хьийзораш ца йеш, нийсса алахьа: ахчанах, чинех шайн чуоконций бохкабелира. Шайн халкъаш а доьхкира.

– Иза-м хууш дерг деца. Мухха делахь а, оьрсийн паччахьехьа а бевлла, шайн къаьмнаш оцу бехачу тIамах, эрна хIаллакьхиларх кIелхьардехира цара. ХIинца церан Iеламнах бу. Бусалба а, оьрсийн а дешар дешна. И халкъаш вайл токхе а деха.

– Вайл дика-м ца бехара уьш. Машаре, синтеме а беха. Хьалха шайн элий бара церан йаьIни тIехь. Паччахьан Iедал тIедеача, цо шен дукъ а доьлли церан коча.

– Вайн халкъан бехк бац иза къен, бодане хилар, – элира Берсас ойлане. – Иза бехке дац маситта шарахь оьрсашца хиллачу тIамна а. Маршо йезар, шена ма-хуъу, шен ницкъ ма-кхоччу иза ларйан гIертар – и бехк бу-кх вайн халкъан. Иза даим а машаре хилла лулахошца. Боккха лерам бара массо а халкъе а. Берриг бохамашна бехке хIара неIалт хилла паччахьан Iедал ду. Амма хилларш, лелларш, цатемаш, мостагIаллаш дицдийр ду вай. ХIинца вешан берриг ницкъ хьалха оьрсашний, вайний йуккъехь хилла тешам, ларам а йуха меттахIотторна тIехьажо беза.

– Тамаша бу, Берса, ахь Кунта-Хьаьжица тоба ца динехь! Хьан ойла паччахьан Iедалехьа дIа ца хьаьвзинехь!

– ХIан-хIа. Оьрсашца машар бар, гергарло чIагIдар а данне дац маршонехьа къийсам сацабе бохург. Оьрсийн халкъ а дац аттачу хьолехь. Цо а къуьйсу шен маршонехьа. Оцу къийсамехь цхьаьна хила деза вай. И ду со ала гIертарг.