Добавить в цитаты Настройки чтения

Страница 31 из 38

ХIинца дерриг а йухадоло дезара.

Цуьнан ойла йора Маккхалий, Аьрзуссий, хаддаза цхьаъ дуьйцучу жимачу Болате ла а доьгIуш.

Сту Бийна Аре а хадийна, Бесачу-Берда тIе хьала а девлла, ЭгIашта боьдучу новкъа хьуьнха доьлча, Болат луьйчура сацийра Аьрзус.

– ХIан, Болат, тоьур ду ахь тхуна дийцинарг. Хьуьн чохь чIогIa дийца ца мега хабар ду хьайниг. Хьанна хаьа, вайга ладоьгIуш цхьаъ хилахь… Хьоьга ладоьгIначо цхьаммо а эр дац, хьо шозза лам чохь хилла. Самонна дика ца Iамийна хьо къеначу Залмас.

Шен гIалатна бехкалвахана Болат, иэхь хетта, корта а таIийна, вист ца хуьлуш сецира.

– Мичхьа соцу тхойша? – хаьттира Аьрзус Болате.

Болата, саца а сецна, охьа чу пIелг хьажийра.

– И дIо лаьтта ши поп гой шуна? Царна кIел шовда ду. Говрашна церг хьакха бай а бу цигахь. Шуна ца гуш стаг тIевогIийла а дац. Ший а цигахь саца, со сихха йухавогIу.

Коьртара схьабаьккхина бIегIаган куй кара а лаьцна, шен хеча лаккха хьала а оьзна, дIаиккхина Болат, берзинчу когашца ченан кIур гIаттош, цхьа бIе гIулч дIа а вахана, тIаккха некъах дIакъаьстачу цхьана гIашлойн новкъа хьуьн чохь къайлавелира.

Лакха гу тIе хьалаваьлча цхьана зоьрталчу попа тIеваьлла иза, гIa дуькъачу шалгонна тIе а хиъна, дIатийра. Цигара цунна дика гора ша Аьрзуй, Маккхаллий тIехьажийна шовда а, лаьхьа санна, сетташ ломах охьабогIу гIашлойн некъ а. Оцу новкъа схьаван везара Берса. Амма гуш хIумма а дацара. ГондIа бIаьрг бетта кIордийначу Болата шен эттIачу гIовталан чухула хечин борчах йоллу тапча схьайаьккхира. Вуьшта а цIеначу цунна леррина бIегIаган куй хьекхна, мокхазан иралла а зийна, цхьацца хIуманна нийсалла хьежо велира иза. Амма цо сих-сиха бIаьрг тухура гIашлойн новкъа хьала, охьа, шовдане.

Дукха хан йалале гIашлойн новкъахь гучувелира цхьа бере. Урх тесна йитина цуьнан говр меллаша йогIура. Коьртах хьарчийначу башлакхца, тIекхоьллинчу вертанца цунна тIера бере, цхьа а хIума тергал ца деш, кIорггерчу ойланаша лаьцна хеталора.

Болатна бIаьрг ма-кхийтти бевзира кIайн сет а, кIайн когаш а болу Берсин расха дин. Даим гIайгIане, ойлане Берса вовза а дацара цуьрриг хала. Иза гергакхача воьлча, попах схьабаьккхина кIожам бага а лаьцна, гIодаца охьа а веана, лахарчу гаьн тIехь сецира Болат.

Попа кIелхула волучу Берсина букъах цхьа хIума кхийтира. Болат бIаьрнегIар тоха кхиале, Берсин белшех кхозу верта говран гоа тIе дуьйжира, карахь къегира йуьйлина ши тапча.

– ЭхIе-хIе! Кхеравелин хьо! – мохь белира шен забарх там хиллачу Болатан. – ХIоппIахь! XIapa-м со вай!

Ша тIехь Iачу гаьннах кхозалуш, лаьтта охьаиккхира Болат.

– Болат! Хьий, йилбаз, йаI! Хьуьн чохь иштта забар йан мега ткъа?! – барт бетта хIоьттира Берса. – Мила ву а ца хууш, ас, тоьхна, къиг санна, чуваийтинехь, хIун хир дара? ДанчIин кIант хир вацара, сан доттагI а, жима тIемало а вовр вара! Низам талхорна таIзар дан деза хьуна.

Кхеравеллачу Болата шен кIесаркIога мIараш хьаькхира.

– Олла ма ло! Ма тIемало а ву, цIулла серах а кхералуш! Мичахь бу вайн хьеший?

– Шала-Iинехь.

– ДIавало. Амма таханлера гIалат йуха далийтахь…

– Ас кхин йийр йац забарш…

– Дукха хан йуй хьо соьга хьоьжуш Iен?

– ХIан-хIа. Ах сахьт гергга, – кхерам тIехбаьллий хиъна, Болат йуха а векхавелира. – Хьо, паччахьан эпсар хиллехь а, ледара обарг ву, ваши.

Берса, вела а велла, кIанте хьаьжира.

– Со-м ма вац обарг.





– Обарг вацахь а, амма лечкъаш-м лела хьо. Велахьара-м, цхьамма тоьхна вожор вара йа мостагIаша дерзинчу куьйгашца а дIалоцур вара.

– И хIун ду?

– ХIун ду! Хьо санна лелачу стеган лергаш сема хила деза, лаьттахула зингат доьду а хезаш. Мел йуькъачу а хьуьнах чекх са гуш, бIаьрг сирла хила беза. Йовза йеза акхаройн, олхазарийн амалш, лараш. Ткъа хьан тидам ца хилира со волчу гуонаха тийна хиларан. СхьадогIу олхазар, со а гой, охьахууш, ца хууш, додий, дIадоьдура. Ас тамаша ца бо хьуна уьш цагарх. Хьо, вертанна йуккъе воьлла, коьртах башлакх хьарчийна, наб йеш ма вогIурий. Топ а кхозу вертанна чухула йуьхьар а йерзийна, кочахь. Хьо иза схьайаьккхина валале, дара хьуна цIен-кIайн ло доьлхур. Топ, йуьхьиг хьалха а йерзийна, каралаьцна йа шена хьалха пурхашха охьайиллина хила йеза. Лергаш, бIаьргаш, марий баьстина хила беза, мел шийла йелахь а. Хьо кхузахь сацал, новкъахь адамаш дуйла хьажа со.

Ведда вахана, новкъа а иккхина, хьала-охьа бIаьрг а тоьхна, Берса тIевоьхуш, куьг ластийра цо.

– Со-м, цхьанхьа со тергалвеш хьо вуйла хууш, парггIат вогIурий, Болат. Амма ахь дийцина сан гIалаташ нийса ду. Хьан Iамийна хьо иштта? – хаьттира Берсас, шаьшшиъ, ЭгIашта боьду некъ хадийна, дехьаваьлча.

– Зумсойн Залмас, – дозаллица жоп делира Болата. – Стохка аьхка а, дIадаханчу Iай а Органца хьала лаьмнашкахь ши бутт баьккхина ас. Цхьа бIе гергга вара тхо цо Iамош. Аьхка-м хаза дара цигахь. Йуькъа, сийна хьаннаш, шовданаш, олхазарш, акхарой. Доллучул хаза дара Орга. Чехка, буьрса! Уггар хи чехка долчухула неканца а, говрашкахь а дехьадийла Iамийра тхо. Нека-м сиха Iемира суна, амма бедарш, герз а коьрта тIехь, уьш ца дашош, хих вийла хала дара. Тоьпан а, тапчанан а лергара молха тIунделлачунна хIума тухура Залмас. Дечгаш вовшахтуьйсуш, бурам бан а, цуьнца хи тIехула лела а Iамийра. Доллучул самукъане дара акхарой йойъуш, церан цIокарчех катташ дар.

– Уьш стенна оьшура шуна?

– Стенна оьшура! Дусий, уьш пхи-йалх вовшахдоьхкий, Органах довлура тхо-м царна тIехь. ГIуллакх дIадаьлча, чуьра мох дIа а хоьций, таьлсаш чу дохкура. Бурмана дечгаш хедош, уьш вовшахтуьйсуш, уьйъуш лелочул атта а, самукъане а дара иза. БIаьста-м йаа хIума а карайора, миччахьа охьавижа а мегара. Амма Iай хала дара. Тхаьшна даа а, йа говрашна дала а рицкъа доцчу дигира тхо. Лаьмнашкахь каро дезара тхуна дерриг а. Йуьхьанца Iаламат хала дара. Шело, мацалла! Лайн саьнгарш, шан тархаш! Цхьажимма а ког шершина, галваьлча, къакъарашт аьлла бухарчу дуьнена гIyp вара хьо. Амма тIаьхь-тIаьхьа атта хилира. Лай кIел говрашна йао буц карайора, толлуш, тхаьшна напхина таро а йалора. ОххIай, ма сатийсира оха сискале! Амма сатоха дезара. ТIамехь иштта меттигаш дукха нисло, боху. Хало-м, дера, лайра оха, делахь а, тхох цхьа а дохко ца ваьлла цигахь Iай, аьхкий цхьацца бутт баккхарх.

Нохчийн божабераш физически кхиорах лаьцна оьрсийн эпсарша дуьйцуш дукха хезнера Берсина. ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа цхьана-шина шарахь тесна йитина и шатайпа школаш дIадаханчу шарахь дуьйна йуха а болх бан йолайеллера. Ламанца йолчу йарташкара итт шарера йалхитта шаре кхаччалц долу бераш, рогIехь аьхка а, Iай а цхьацца баттана лаьмнашка а дуьгуш, тIеман гIуллакхна Iамор тайпанийн тIеман тхьамданашна тIедиллинера хинболчу гIаттаман куьйгалхоша. Церан болх муха дIабоьду хьожуш, цкъа Берса ша а хиллера ломахь. Цо самукъадолуш ладоьгIура Болата дуьйцучунга.

– Кхин хIун Iемина хьуна?

– ОхI, дуккха а! Талла, нийса топ тоха, тур-шаьлтанца, говраца хьуьнарш гайта, кIоргачу лай тIехула, чу а ца воьдуш, лиэла. Бердана, тIулган а, шан а тархашний, дитташний тIевийла. Хьо Iамийний иштта? – хаьттира Болата цIеххьана.

– ХIан-хIа, Болат, – гIайгIане жоп делира Берсас. – Со кхечу кепара Iамийнера тIамна.

– ХIай-хIай! Хьан леларехь а хиира суна, хьуна хIумма а ца хаьийла!

– Амма мел дика хир дара хаьий хьуна, Болат, шу массо а ас дешначу школашкахь Iемина хилча?

– Стенна оьшу и? Ас-м доьшур дацара цигахь, со вийчи а!

– ХIунда?

– ХIунда! Цигахь мел дешнарг мунепакъ хуьлий вогIу цIа, тIаккха, керстанийн лай а хуьлий, вайнах байъа хIутту.

Берсас доккха садаьккхира.

– Вай дерриг дешна, кхетам болуш делхьара, хир бацара тIемаш. Массарех эпсарш хила аьлла-х даций. Дешар-м кхитайпа а дай.

Амма Болатна хаза а ца хезара Берсас дуьйцург.

– Аьрзус цхьаннахьа а ца дешна, ткъа муьлххачу а инарлел майра а, хьекъале а ву ша. Вуй, ваши?

– Майра а, хьекъале а ву, амма цуьнгахь Iилма дац.

– Ма дийцалахь! – куьг ластийра Болата. – Дера, ву Аьрзу майра тIемало. Дадас цуьнан хьуьнарш дуьйцу суна. Аьрзус а Iамийна суна дуккха а хIуманаш. Суна тахана xIapa тапча а йелла цо!