Добавить в цитаты Настройки чтения

Страница 26 из 38



– Эрна хабарш хIунда дуьйцу вай, БойсагIар? – халла хезаш вистхилира Шемал. – Вешан догIмаш инарлин карадалар ма тоьлу вайна, тIаккха паччахьо къинхетам бийр бу вайх. ХIокху бехачу тIамо со а гIелвина… Дерриг чекхдаьлла хIинца… Со летта валарх, хIун нислур ду? Дерриг эрна ду. Со воьду, БойсагIар…

– Имам!

Амма Шемал, шен тешамечу наибе ла а ца дугIуш, оьрсашкахьа дIаволавелира.

– Йухаверза, Шемал, ас Делан цIарах нажжаз во хьо! Дохковала, имам! Ма диэ иэхь къеначу лаьмнашна! Ва дела хила хьуна Делан неIалт!..

Амма Шемала ла ца дугIура. Цунна хьалха дIахIоттийра цуьнан хьоме сира дин. Шимма луьйтанаш, цхьамма ког а лаьцна, дина даьккхира цуьнан дазделла дегI. Хьаьдда тIевеанчу полковнико Лазаревс, урх лаьцна, дIаозийра дин. Йуьрта йисте кхаьчна, охьа чухьаьжча, имамна гира оьрсийн эскаршца лаьтта дагестанхойн отрядаш а, элана Барятинскийна уллохь лаьтта селханлера шен гергара наибаш Донго-Махьма а, Iандалалски Хосро а, Елисуйн Дениел-бек а, шен мутаIелам, доттагI, хьехамча хилла Iаьмархан а, ТIилитIлара Кибит-Махьма а, кхин дуккха а. Берриш а – селханлера цуьнан доттагIий. Имамо говр сацайайтира. Церан йаххьаш тIехь Шемална шера гора баккхийбер а, догъIабар а, йоккха гIайгIа а.

– И бусалбанаш аш сан бIаьргашна гучуьра дIа ца бахахь, со дIа ца вогIу! – элира цо сацамболлуш.

Къурмин Къосам охьачухьаьдира. Цхьа сахьт далале цигара лаххьийна дIабехира берриг наибаш а, Дагестански иррегулярни полк а, хански нукерийн отрядаш а. Лазаревс говран урх дIаозийра. Шемална тIаьхьаволавелира цуьнан гергарчу нахах кхойтта стаг…

Ткъа БойсагIар, кху лаьмнашкахь виначу уггар майрачу, уггар хьекъалечу, сийлахь-воккхачу кIанте – шена дукхавезначу шен имаме – тIаьххьара бIаьрг а тоьхна, мохь аьлла, ша лаьттачохь дIахаьрцира.

Василийна хIинца а шена хезаш санна хетара цуьнан тIаьххьара доца къамел. Цигахь дийна бисина шен кIезиг накъостий тIе а гулбина, цаьрга ша дина а ваккхийтина, чIогIа нуьйра а вехкийтина, тIаккха шен гIopгIa-стоммачу озаца вистхилира иза:

– КIентий! Шуна дика хаьа, имамна тIаьхьа а хIоьттина, кху суьйлийн лаьмнашка со сайн са дадийна ца веанийла. Вайн ницкъ ца тоьи вешан маршо, латта ваьшкахь сацо. Амма вайх цхьаммо а сий ца дайъи вешан дайн. Ваьш царна дуьхьалхIиттинчу дийнахь, оха тхешан декхар кхочушдина, и тIаьххьара минот тIехIотталц вайн хьомсара латта мостагIех лардина ала йуьззина бакъо йу вайн. Суна ца лаьа мостагIчун караваха. Йа кхузахь летта вала, йа, и кхолха гуо а хадийна, цIа верза сацамбина ас. Са чIогIа дерг суна тIаьхьахIотта. КIажийн пхенаш дегориг хIинцца эццашха дIаваханчу имамна тIаьхьа гIyo. Кхузахь Iожалла йерг вужур ву, дийна висинчо, вайн хьаннашка а вирзина, вайн мехкан, вайн халкъан, вайн бакъдинан дуьхьа къийсам латтор бу. Оцу Делан мостагIийн гуо хадо хьовсур вай. Оцу везачу Дала гIo дойла вайна!

– Маршо йа Iожалла! – мохь туьйхира Василийна уллохь лаьттачу Косолаповс.

Цо баттара даьккхина болатан тур ткъесах къегара малхехь. Оцу минотехь иза халла вевзира Василийна. Цуьнан цIен бос богу беснеш кIайеллера, цIеллех хIума дацара балдаш тIехь. Цергаш йара чIогIа тIеттIатаIийна, лаамах буьзна майра ши бIаьрг цIарах богура. Иэккхийта санна, буйнахь къуьйлура детица кхелина туьран мукъ. БархI шо хьалха иза ведда йийсарера йухавеача, имамо цунна делла совгIат дара иза. Цунна тIехь дашо варкъ доккхуш Iаьрбийн йозанца йаздина дара масех дош: «ХIара турпал а, говза тIемало а ву, лом санна, дера мостагIчунна чукхоссалуш».

Бекхаман лаамах дуьзна дегнаш кхехкачу оцу йуккъехь веккъа цхьа Аьрзу лаьттара, лам санна, собаре, вист ца хуьлуш, воьгIча санна, шен хьаргIачу динахь. Шуьйрачу некхан шина а агIон тIехь лепара цхьацца мидал: «Имамо Шемала хIокху майрачу тIемалочунна хьалхарчу даржан орден ло», «Майра а, къонах а ву». Тамаша бара, оцу шен бIаьхоша детта маьхьарий цунна хаза а хазахь. Баккъал а аьрзунчух тера цуьнан майра хьажар кхерстара мостагIчун позицеш тIехула. Лекхачу хьаж тIехь гора кIорга ойла. Шемалан эскарехь шен хьуьнаршца а, майраллица а гIараваьллачу оцу кхаабIаьнчо, схьахетарехь, мостагIчун гуо хадо мела меттиг лоьхура. Цунна тIера бIаьрг ца боккхуш, тIехьа лаьттара хаддаза цуьнан некъашхо – ваша Iела.

– КIентий! Iожалла йа маршо! – баттара тур доккхуш, дин охьахийцира БойсагIара.

Оцу болатан гоьргана тIаьххье чухецайелира дошлойн жима ковра. Амма царах цхьа ткъех стаг бен ца велира гуонах ара. Чевнаш хиллачаьрца вара некхах тоьпан хIоъ бисина Косолапов а. ТIаьхьадаьллачу орцанера бевлча, ламанан чехкачу хил дехьахь садаIа севцира уьш. Косолапов вала гергавахча, чевнаш хилла вуьш а битина, берриш а цунна тIе гулбелира. Коьрте хиъначу Маккхала шабарца йеса доьшура. Бисинарш тапъаьлла Iара.





– Воха ма вохалахь, Жабраил, xIapa де вайх хIоранна а тIехIотта дезаш ду, – цунна маслаIат дан, дог-ойла айъа гIоьртира, туьра тIе а тевжина, тIехIоьттина лаьтта БойсагIар.

Косолаповн кIайделла балдаш халла хаалуш диэлаозийра.

– И хIунда дуьйцу ахь, майра БойсагIар… Со воккхаве кху дийнахь… ламанан аьрзу санна, маьрша а волуш, айса Iожалла тIеэцарх.

– Весет дан лаьарий хьуна, Жабраил? – хаьттира БойсагIара.

– ХIан-хIа, – бIаьрнегIарш туьйхира Косолаповс. – Амма сан зудий, бераш дуьсу… Бераш даккхий хиллалц, церан доладер аш, шаьш дийна дисахь… Сан кIанте, со муха ваьхна а, муха велла а дийца… Ша къастор цо… муьлхачу новкъа ваха веза… Сан дакъа… ТIелхагна тIе кхачаделаш… йуьртан кешнашка дIадоллийта…

– Берашна са ма гатде ахь, Жабраил. Тхо дийна а долуш, Косин Жабраилан берашна хIума оьшур дац хьуна. Тхайн доьзалш мацалла балийтина а, хьайниш бузор бу оха.

Косолаповс шен ши бIарг Василийна тIебуьйгIира.

– Васале вистхила лаьара хьуна, Жабраил? – хаьттира Маккхала.

Косолаповс ши бIаьрг хьаббира.

– Тхо новкъа-м дац хьуна, Жабраил? Хьайна ала луучунна хецций вистхила, – цуьнан хьаж тIе куьг хьаькхира Маккхала. – Вай дерриш цхьана Дала кхоьллина адамаш ду. Шен махкана генахь Iожалло хьовзийначу стеган дог суна дика хаьа. Цо сатосу винчу махке, ненан маттахь стаг вистхуьлу хазаре. Оьрсаша а, нохчаша а Далла гIуллакхдар баш-башха делахь а, амма АллахIна хьалха цхьаъ ду вай. Тхох бехк лаций ца Iаш, хьайна луъучу маттахь Васале хьайн дагара далхаде. Хьо винчу махкахь йижарий-вежарий а ма бу хьан. Шуьшиъ паргIат вуьту оха.

Косолаповс халла хаалуш корта ластийра. Цо чIогIа таIийначу негIаршна йуккъехула бIаьрхиш Iовдаделира.

– Хьо бакълоь, Маккхал, – элира цо, лазарна садетташ, чIичкъашка а оьхуш. – Ахь даим а олу бакъдерг. Хьо тера вац кхечу молланех. ХIаъ, бу, дера, сан-м винчу махкахь йижарий а, вежарий а, гергара нах а. Суна уллера цхьа а дIа ма вала. Шух лачкъийна xIyммa а дац сан… Сан даймохк, йиша-ваша, сайн халкъ ца дезаш ца ваьлла со шуьгахьа. Бусалба дин керста динал тоьлуш хетта а ца вирзина со цуьнгахьа. Сан даймахкахь харцо йу. Сан халкъана тIехь латтош къиза Iазап ду. Оцу харцонна, оцу къизаллина дуьхьалваьлларг тIепаза войъу цигахь… Шу шайн коча йоьллинчу харцонна дуьхьал маршонехьа гIевттинера. Иза дара со шун агIонгахьа ваьккхинарг… Амма кху ткъа шарахь цхьа минот а йацара суна сайн даймохк, халкъ, сайн йиша-ваша дицделла… Васал, Вася… Суна хаьа, хьан кийрахь а, ведда лам чу веанчу xIop а салтичун дагахь а изза бала буйла… Со цуьрриг дохко ца ваьлла кхаьргахьа волуш айса тесначу гIулчана… Варийлахь, Вася, хьо а ма ваьллахь дохко… Вайн узарш ца хезачу дворянийн эпсарша вайна даймехкан йамартхойн цIе тиллина… Амма и бакъ дац. Вай даймахкана а, халкъана а дуьхьал дацара, ткъа царна тIехь харцо латточарна, хьан нана, хьан нускал, хьан йиша хьийзийначарна, хьайбанех санна, адамех йохк-иэцар йечарна дуьхьал дара…

Косолапов цIеххьана дIатийра, гIора кхачийна. Кхехкаш кIежтуьйсу кийра сацо ницкъ ца тоьъна Василий, цуьнан некха тIе а воьжна, догIанах вилхира…

Василийн чIогIа доттагIалла тасаделира Дакашца. Гати-Юьрта веана иза Дакашан хIусамехь сецира. Дукха хан йалале хиллачу йуьртан гуламехь гатийуьртахоша, цуьнга има а диллийтина, шайн йукъаралле дIаийцира иза. Оцу дийнахь цунна керла цIе тиллира Лапин Васал аьлла. Цхьа масех де даьлча, шен хIусамехь мовлад а доьшуьйтуш, Дакаша нахе дIакхайкхийра, тахана дуьненахь а, кхана къемат-дийнахь a xIapa Васал шен а, шен вежарийн а ваша ву, цунна тIедеана дика а, вуон а шайна тIе догIу аьлла. Бакъду, нохчийн а, оьрсийн а шина кIентан вошалла гена ца делира. И шиъ цхьаьнакхетта шо кхачале Дакаш вийра. ХIетталц даим а самукъане, векхавелла хуьлу Васал Дакаш вийначу дийнахь дуьйна кхоьлина, ойлане висира. ЦIетоьхначу вешица дIайахара цуьнан дуьненан самукъе. Делахь а, Дакашан вежарша, шена Мархет йалийна, бахам вовшахтоьхча, цо берриг шен ницкъ а, тIамах мукъаваьлла хан а дIалора доьзалний, бахамний. Амма цуьнан кертахь даьхний ца кхуьура. Цамгарх лара халла денбина йетт а, сту а, говр а. Паччахьан эскарш Гати-Юьртана тIелетча, дагочу цIеношна йукъахь нислора даим а Васалан миска хIусам. Шо-шаре мел дели, бахам иэшара, ткъа доьзал стамлора. И дара Васал дакъазваьккхинарг.