Добавить в цитаты Настройки чтения

Страница 24 из 38



ХIинца дерриг дIадели. Нохчийчоь йоьжна. Имаман дог а доьжна цуьнца. Ткъа xIapa Дагестанан махка тIе ма-веллинехь, цуьнан шен махкахоша талийна иза. Хьан долийра иза? Цуьнан уггар а тешаме ву бохучу Кибит-Махьмас шен тIилитIлахошца Гумалахь а, Урутехь а талийна цуьнан бахам. Гаурашна дуьхьало-м муххале а ца йора кхузахь, мелхо а, зурманца царна дуьхьалъоьху. Шайн вархIий дай денбелла схьабогIуш санна…

Арахь лаьтта Маккхал чу а вехна, шен секретарь Мохьуммад-TIaxIиp ал Карахи схьакхайкха аьлла, омра дира имамо. Дукха хан йалале диване гулбелира имаман везираш, Iеламчаш, наибаш.

ТIаьххьара а, цхьаъ бен боцу пхьарс лаьцна, ГIеза-Махьмас чувалийра Бенойн БойсагIар. Ах гуо бина Шемална дуьхьалбирзина хевшинчу Iеламчашний, наибашний йуккъе дIа а хIоьттина, шен туьра тIе тевжира иза. Моьнаша аьхначу цуьнан озачу йуьхьа тIехь, седа санна, лепа цхьаъ бен боцу бIаьрг, чуьрчу нахана тIeхула а кхерстина, имамна тIебогIабелира. ТIаккха, кIез-кIезиг хершнаш шарлуш, буьрса йуьхь йекхайелира, балдаш кIоршаме делаозийра. БойсагIаран майраллех хьоьгуш, даим цунна хьалха суждане оьхучу ГIеза-Махьмина хиира иза цхьа доьхнарг ала воллийла. Иштта ГIеза-Махьме хьаьжира БойсагIар масех бутт хьалха, иза лаца дас xIapa Бена вахийтича.

БойсагIар йуьхьанца тата доцуш вела вуьйлира, тIаккха, кIез-кIезиг хецалуш, кIажвахара. Имам цкъа вуьйхира, тIаккха, оьгIазвахана, кондарш санна, цIоцкъамаш ирхдахара, хьажа йуккъе буьрса шад гулбелира.

– Хьо стенах воккхаве, сан майра лом БойсагIар? – хаьттира цо, аз ца айдеш. – Кхечарна дагадеача а айса могуьйтур доцург ахь лелорах гечдеш, ас вуон Iамийна хьо. Амма, хаалахь, собар кхачалуш хIума йу хьуна!

Баьллачу бIаьргах хи тассалц вийлина БойсагIар, дог Iаьбна, эххар а сецира.

– Со мила ву, вийча а, ваьккхича а! – элира цо халла цIенкъа охьа а хууш. – Цхьа куьг, цхьа ког, цхьа бIаьрг боцу гуьйриг! Амма кортош даха дезарш кхебира ахь, хьоьстуш, тIе куьг хьоькхуш. Со стенах воьлу, хоьтту ахь? Дагестанера иэккхийна хьо тIе а лаьцна, хьох имам вина, ткъа шарахь гехь лелийначу нохчех воьлу-кх! Ткъа шарахь хьуна тешаме гIуллакх дира оха. Ткъа шарахь хьан сий лардира тхан наибаша. Амма оцу ткъа шарахь цхьа а нохчийн наиб а, Iеламча а хьайн диване ца хаийра ахь! Царалахь уггар гIийлачу, сонтачу санний, Iусманний кхаж бели-кх дуьххьара кху чу охьахаа! Тамашийна хIума дац xIapa? Ва-хьа-хьа-хьа! Вахьа-хьа-хьа!

– Тоийта забарш, БойсагIар! – човхийра иза Шемала.

– Ва-хьа-хьа-хьа! Ва-хьа-хьа-хьа!

БойсагIаран веларо догIмашка зуз хьадийтира чохь болчу нехан. Массо а кхеравелла дIахьаьжира цуьнга. Царна хаьара, имамо БойсагIаран сий дойла. Хаьара, имаман кIанта ГIеза-Махьмас xIoкху лаьмнашкахь уггар лоруш болчу нахах и цхьаъ хилар. Амма имаман буьрса амал а йевзара царна. Ша оьгIазваханчу минотехь бехкбаьлла стаг воьйтура цо. Виллина дIа йоккха шаьлта а карахь шена уллохь лаьттачу чаьлтаче.

– Йа АллахI, ма йаккхий йу-кх хьан къайленаш! – саца ца туьгура карзахе БойсагIар. – Iилманца, хьекъалца цIейахана Юьсп-Хьаьжа, Сулейман, Атаби! Майралла цIейахана ШоIип, ТIелхаг, Бота, Эска, ГIойтамар, Ботукъа, СоIдулла, Дуба! XIapa сурт шайна гича, ма бIаьргаш хье тIе бевр бара шун! Шуна цкъа а бIаьрга ма ца гира xIapa къайле йалсамане! Ва-хьа-хьа-хьа!

Шемална йевзара БойсагIаран йухахьара амал. Иза кхеро, къарван ницкъ бацара дуьненахь. Шена дуьхьало мел йин, дарлуш, карзахвуьйлура иза. Эриг ала витар бен, кхин дарба дацара.

– Мичахь бу, тхо неIаре а ца дуьтуш, ахь хьайца диване хийшийна хьан тешаме хьехамчаш? – имаман даг тIе туьха туьйсура БойсагIара. – ХIан? Мичахь ву бIаьрзе Коьр-Мохьуммад? Хьан стунда Джамаьлда? Iаьмарха, Дибир-Хьаьжа, Метлакъ-МуртазIела? Яхьйа-Хьаьжа? Ахь чета а боьхкина лелийна наибаш Кибит-Махьма, Денел-Бек, Албаз-Дибар?

– Шайн нохчийн наибашна тIаьххье гаурашна мараэккха ваха сихвелла-те хьо? – Iоттар йира имама.

– Тхайнаш ма хьиэбе! – хьалакхоссавелира БойсагIар. – Йамартлонца мостагIчуьнгахьа валар а, ницкъ иэшна кIелвисча, мостагIчунна хьалха герз охьадиллар а цхьаъ дац, имам. Тхан наибаш тIера гаурийн цIий а дакъадалаза тарраш а, кIур туьйсу топ-тапча а карахь бахана йийсаре. Царах шимма, Дубас а, СоIдуллас а бен, шайн герз хьуна дуьхьал а ца дерзийна. Ткъа тхайниш дIа а тоьттуш, айхьа сий деш, лоьруш лелийначу дагестанхойн наибаша хьайна динарг гой хьуна? Хьох йамарт бевдда ца Iа! Оцу Делан мостагIашна гIo деш бу. Нохчийчуьра дIа а ваьлла, Дагестанан лаьмнашка воьллачу шолгIачу дийнахь, цIиййина котам санна, хьо тилийна цара. Уггар хьалха, хьан воцуш ца торучу Кибит-Махьмас а! Шех чим хиллачул тIаьхьа бен, тхан цхьа а йурт кIел ца сецна гаурашна. Оха цхьа буй латта а дIа ца делла иза мостагIийн цIийца хьандаза! Ткъа кхузахь дечуьнга хьажал? Массо а йурт, цхьа топ ца кхуссуш, зурманаш лоькхуш, цIогарчий лестош, меттанаш даьхна, хьесталуш, гаурашна хьалхахIуьтту!

…Шемалан йуьхь кхоьлира. Йуха а карладелира шен дахаран уггар хала масех де. Ахульгохь иэшна иза ведда Нохчийчу вогIу денош. Уггар цунна тешаме ву боху ворхI мурд вара цуьнца: Юнус, Салихь, Мохьуммад, Нур-Iела, ХиматIил, МуртIади, Муса…

ТIамца гонна йукъара бовлуш чов хиллера Шемална. Салихьан гихь валочу ворхI шо долчу ГIеза-Махьмин настарх салтичун цамза кхеттера. Цхьана лекхачу, готтачу чIожа тIехула, дукъо а тесна, дехьабовла дезаш нисделира. Охьа чухьаьжча, халла къаьстара бухахь гIергIа ГIойси. ТIай дацара, амма, мухха девлла а, дехьадовла дезара. Ца довлахь, Iожалла йара кийчча. Шемал кхоьрура кIант гихь дукъо тIехула дехьавала. Цо шен мурдашка дийхира, цхьамма кIант дехьаваккхахьара аьлла. Амма уьш цхьа а вист ца хилира. Шен чевнна са а детташ, кIант гихь дехьавелира иза…



ТIаккха, шайна тIаьхьатоллуш богIучу Хьаьжа-Мурдан ал Хунзахин, Ахьмат-Ханан ал Сахалин бIаьнах бевдда, лаьмнашкахула малхбузехьа гIерта хIорш мацалло а, хьогалло а бIарзбира. Йарташка баха а ца баьхьара. Схьа а лецна, Iедале дIабаларна кхоьруш. Лаьмнашкахь шаьш тIенисделлачу шина жаIуьнера дуккха а мах белла хи ийцира цара. Кхаа тобане бекъабелла боьлхура мухIажарш. Жима ГIеза-Махьма хьалхарчу тобанца воьдучу Салихьан гихь вара. ТIаьхь-тIаьхьарчара, кIез-кIезиг хи а молуш, баттам хьалха дIалора. Кхано садаIа севцча, шен кIант гIийло гича, Шемална хиира, мурдаша, оцу жимачу кIанте цхьа къурд а ца бойтуш, дерриг хи шаьш дIа а мелла, йассийна баттам бердах чукхоьссина хилар…

Дагестанан имамаллин оцу кхаа-деа шарахь цигахь шена йина йамартлонаш, тешнабехкаш ца бицлуш, тIаьхьа цхьа хан йаьхьира Шемала. Ша нохчаша имам кхайкхийча, Нохчийчу веана, массо дагестанхойн Iеламча виэ, хьаьжкIаш иэца баьхкинчаьргара говраш, варраш схьайаха аьлла, омра а дира. Амма дог ца Iийра ца кIадлуш а, шечаьргахьа ца узуш а. ХIинца деш дерг а…

…Шемал бехкбоккхуш хьаьжира чохь болчу шен махкахошка. Цуьнан бIаьрг тIехIоьттинчу xIop а Iеламчин а, наибан а кортош охьадахара. Чергазийн ИбрахIим, гIебартойн Хьаьжа-Нурулла, нохчийн Iусман а вара имаме майрра хьоьжург.

Шемала бIаьргаш тIекъевлира. ТIаккха Iаьрбийн маттахь меллашчу мукъамца гIийлла байт элира:

Сайн дегIан гIагI хетта

Со тешна вежарий,

Де доьхна висинчохь,

МостагIий хилира.

Со ларван кечдина

Уьш пхерчий хеттера,

Амма уьш сан даг тIе

Хьовсийна хиллера…

– Хьо бакъ ву, майра Бир Коьз, – маслаIатна йукъавуьйлира ГIеза-Махьма. – ГIалаташ, цатемаш дага ца лоьцур вай тахана. Кханалерчу дийнахь Дала къастор харц а, бакъ а. Имам, кийча ду тхо хьан омране ладогIа.

Собар доцуш, сиха стаг ву БойсагIар. Шемалан пурба доцуш цунна тIевогIург а, шен дагахь дерг дуьххьал схьаала ваьхьаш верг а веккъа и цхьаъ ву. КIиллолла бохург хIун йу ца хаьа БойсагIарна. Иза майра а, доьналла долуш а, тешаме а хиларна, дерриг а гечдо цунна имамо.

Къармазечу БойсагIара доьхначу тIе а дохийнера имаман дог, хIорш чукхойкхуш ала кечдинарг, даьржина, дайра.

– ХIаъа, гIуллакхаш вуон ду, майра лом БойсагIар, – элира эххар а Шемала, гIовгIа дIатийча. – Нохчийчоь йоьжна. ХIинца шайн берриг ницкъаш Дагестанна дуьхьал гулбина оьрсаша. Вайн кIажаш хьоьшуш, тIаьхьавогIу Уч Коьз. Салатавехула, Темирхан-Шурахула цунна дуьхьалдогIуш ду инарлин Врангелан эскарш. Гуьржехара схьадаьхкина эскарш ду ГIойсица схьадогIуш. Кхаа агIорхула гуо беш бу вайна. Гаурш-м хала а ца хетара суна. Халаниг а, Iаьткъарг а кхин ду. Ткъа шо, пхийтта шо хьалха санна, кхузара йерриг йарташ, цхьа а тайпа дуьхьало ца йеш, мостагIчуьнгахьа йуьйлу. Со мегарг ДаьргIал аравала а кхиале, шаьш царна муьтIахь хиларна тоьшалла деш, гауршна тIе векалш бахийтина Iаьндоша, ашильтоша, согIратIлахоша, гIимроша, унцIукIлахоша, гоцIатIлахоша, хунзахоша, дарадахоша а. Кибит-Махьмас суна дуьхьалйаьхна тIилитIлахойн а, карахийн а йарташ. Дениелбека лаьзгийн йарташ гIовттийна суна дуьхьал. Ахь ма-аллара, со даймехкан лаьтта тIе ма-веллинехь, байтулмалан а, сан сайн а мулк талий…