Добавить в цитаты Настройки чтения

Страница 35 из 41



Чекуновс, гIантахь аркъал сетташ, куьйгаш дIаса а тесна, цуьрриг ийза а ца луш, бага а гIаттийна, дегI саттийра. ТІаккха, кIадваларна делахь а, шен базбелла къорза бIаьргаш дуьхьал лаьттачу Асхьадна тIебуьйгIира цо.

– КIанттий? Кхузахь талмач лаьттинaрг-м вац хIара?

– By, хьан оьздалла, – ши ког вовшахтухуш, вайн сужде вахара Асхьад.

– Хьан цIе…

– Асхьад Хортаевич, хьан оьздалла.

– М-м… Хортаевич,– мара лекхира капитано. – ХІета, Iедалан декхар баккхалх хийцинарг ву-кх хьо? Эрна ду, господин йуьртда. Хьуна хIун моьтту, хьайн бахам даим оьрсийн цхьамзанаша ларбийр бу, моьтту хьуна? Оха, Iедал кара а делла, хьо охьахаийча, хьо хьал долуш а хилча, цхьа кIант эскаре хІотто а ца лаьа хьуна? Мел хьекъал долуш а ву! Ахь деши гулде, господин совдегар, оха – хьой, хьан деший ларде! Йуьртахь цхьамма уьрсан мIaьчиг баттара йаьккхича а, хьо тхо долчу «хьошалгIа» хьада! ХIан-хIа, Хурда, цунах гIуллакх хир дац. Хьайн цIийнах летта цIе йойъуш хьалха хила веза хьо!

ХортIа воьхна хьаьвзира. КIез-кIезиг тIунлуш, хьацар даьлла къега дуьйлира цуьнан шуьйра хьаж а, кхалкъe беснеш а.

– Хьан оьздалла, цхьа кIант туркошца тIаме вахана сан…

– Хаьа суна! – куьг ластийна, йукъахвaьккхира иза капитано. – Цаваьллачу денна вахийтина. Хьайн Іедална кIел долу адамаш дахийта ницкъ ца кхaьчча. Дуьтур вай уьш. Дукха буй шун йуьртахь мятежникаш?

– Шаверг! – ХортIa векхавелира, къамел хийцаделча. – Йалхитта шарера хьала массо а. Цхьа къена нах боцурш. Уьш а Іa, шаьш болччохь цеpгaш хьекхош.

– Хьалдерш ткъа?

– И цхьа иттех цIа доцург, бохий ас-м…

– Уьш хIун деш бу?

– Iедалан омране ладоьгIуш Іa…

– Стенна оьшу Iедалан омра? Оцу иттех цIийнах маса боьрша стаг ву? Ткъа хир вуй?

– Ткъе итт а хир ву…

– Шу ткъe итт стаге ца совцалора мятежникаш? Хьовззийна схьа а лецна, когex гIоьмаш тоьхна, охьа хIунда ца балийра аш?

– Ца кхиийра тxo…, – корта охьабахара ХортIин.

– Ца кхиийра! Довда сихделла, цa кхиийра-кх. Кхана шайн цIeнoш дага доьлча, хуур шуна. Ткъа ахь, Ахмед…

– Асхьад Хортаевич…

– XIун башха йу Ахмед, Асхад… Гати-Юьртарчу мятежникийн список хIоттайе суна. ХІораннан цIарна дуьхьал цуьнан дакъалацаран дарж дуьллуш. Кхийтин хьо? Ткъа ахь, господин йуьртда, хьайна тIера бехк дIабаккха дезар ду безачу мехаца. – Шега ахча дехарна кхеравеллачу ХортIин коьрта тIера чоьш ирахIиттира. – Кху сохьта Ишхойн-Эвла ваха деза хьан. XIинца цкъа машаре ду цигахь. Амма, хьанна хаьа, цигарчу варрийн дагахь хIун ду. Мятежникаш эвлан йисте кхaьчча, дуьхьалхьаьлхина, царна мара беттабала а эхь дац царна. Хьуна тIедуьллу декхар иштта хир ду. Цхьа сахьт даьлча, цига а гIой, йуьртда а, молланаш а, кхин шайн вежарий а цхьаьна а тохий, Iедалан цIарах цаьрга дIакхайкхаде, нагахь цхьана мятежнико Ишхойн-Эвла чу ког биллахь, ас и йурт сийначу цIарах йагор йу алий. Сан лаамна кIел ши бIe сoв салти, бIе дошло, йиъ йоккха топ йу. Масех сахьт далале, схьакхочур долуш орца а ду. Суна-м ах бIe салти а тоьур ву Ишхойн-Эвлах а, Гати-Юьртах а чим бан. Ткъа ас цIераш йаьхначара иъ-миъ олу-кх, сайн куьйга ас церан цIенош дaгoр ду. Ткъа уьш шаьш цкъа а йухaбoгIу боцчу дIа а бохуьйтур бу. Кхийтин хьо?

– Кхийти, хьан оьздалла, – сихбина корта теIо хIоьттира ХортIа. – Нагахь гIуллакх цa нислаxь, сох гaлдaьлла дуьсур дац.

Чекуновс, хьала а гIеттина, дайн куьг туьйхира стоьла тIе:

– Нагахь Ишхойн-Эвла мятежникаш буолаxь, тхан къинхетаме дог мa дaхaлaхь, господин йуьртда! Доцца ду хьуна. Гати-Юрт-м дIайеллера ахь, хIинца Ишхойн-Юрт мукъане а ларйе. Хьайна хьайн цІока йезахь. Ткъа ахь, Ахмед, цигахь кегийрхошна йукъахь ладогIа. Жимма а хьо шекволу цIе соьга схьало. XIинца мукъа ду шу.

Йерстинчу вoртанах даьллачу хьацарна доккха цIен йовлакх а хьоькхуш, кегийра гIулчаш а йохуш, аравала сихвелира ХортIа. Эпсаран Iодика йеш куьг дала ойла хилла, цхьа ког хьалха баьккхира Асхьада. Амма капитан корехьа дIавирзира.



– Йовсарш! – агIор корта а хьовзийна, туй кхоьссира цо, Асхьадан букъ неIарх аратилча.

4

Хийла къонахий гинера Гати-Юьртан маьждиган майданна. Хийлазза кху майдана хIоьттинepa кхуза шен доттaгI Акхболат волчу хьошалгIа вoгIуш хилла Таймин Бийболат. Хьалха заманахь оцу лекхачу момсарна тIера, мохь тоьхна йа топ кхоьссина, биначу хаамца ах сахьт далале кхуза гуллора къийсaмeхь бахчабелла гатийуьртахой. Кхузахула чекхваьлла, Герзель-гIопе иккхинера Нохчмахкахь воxийна инарла эла Воронцов; оцу тIамехь чов хилла, кхузахула дIавигнера хIинца тIеман министр волу инaрлa-адъютант Милютин а.

Тахана кхуза гуллурш тера бацара хьалхалерчу бIaьхойх. Дукхахберш – кегийрхой. XIинцца маж-мекх даьлларш а, гIеметта хIиттинaрш а. Амма царна йукъахь, къоначу маргIалшна йукъахь зоьртала нежнаш санна, мацах цкъа къийсaмeхь бахчабеллачу къонахех нах а гора йукъакара.

Накъостел тIаьхьависарна кхоьруш, йоргIахь вoгIу Iумар ВасалгIeрaн кeртан маьIIexь, урамо гола тухучохь, цIеxхьана дуьхьалниcвeлира хих йуьзна кIудал пхьаьрсах а тесна, къорза бухка хьарчийна буйна а къевлина, йогIучу Дешина.

– Деши, хьо хи тIе ма хьалхе йахана хилла? – xaьттира цо, марсайаьллачу говран вортанах дайн куьг а тухуш.

Дешин бIaьргаш хих буьзира.

– Вай, кIант, хIун хир ду-те аш лелочух? Корта хьере хилла-кх…

«ХIан, хIара йара хIинца суна йелхаза йисинарг!» – догдетIира Iумаран.

– XIун хир ду? Йа тхо лийр ду, йа оха толам боккхур бу. Шиннах цхьаъ. Амма цIахь а, арахь а шу зударийн чІeIамаша тхо хIумма а дан-м дуьтур дац. Цул, тхуна тIаьхьа а довлий, эшаршца, хелхаршца тхан дегнаш айъа…

ГIаддайна, бIaьрхишна йуккъехулла йелакъежира Деши.

– Вай, вала ма ле хьо, кIант, и ала биэн хаац-кх хьуна! Тхан, зударийн, ойла йан а ца йо аш?

– Шун ойла а йо, тхайн ойла а йо. ХIан, сан Iойла дац кхин. Марша Iойла!

– Дала аьтто бойла шун!..

Ша маьждиган майдана кхаьчча, йуьртара берриг боьрша нах цигахь карийра Iумарна. Тоба къорзо йара. Лекха, лоха, месала а холхазан куйнаш техкара. ТIexь – керла а, тиша а гIовталш, чоэш. Кочаоьхкина а, йукъахдихкина а тайп-тайпана герзаш. Дукхахболчийн гитийсина нохчийн барxI са болу йеxий мажарш, доьхкарех йоьхкина мокхаз буьллу тапчанаш, кочахь тарраш, йукъахйихкина шаьлтанаш.

Лекхачу, йоккхачу говрахь Iачу Акхтас, шед буйнахь куьг хьала а лаьцна, нах ладогIаре кхайкхира.

– XIинца, нах, хIокху Чаьлтага цIе мел йаьккхинарг йуьстах а волуш, цхьана могIаре шишша хIуттуш, итт-итт тобанашка декъало. Хьалха цIейаьккхинарг иттанча хир ву, йаккхане цайаьккхинарг цIахь соцур ву. Чаьлтаг, кхайкхайел цIераш.

Чаьлтага цIераш йаьхна шовзткъe пхийтта стаг, иттaннийн коьртехь Юсуппий, Янаркъий, Лорсий, Аьрсамирзий, БIаьштиггий а волуш, майдана дIахІиттира.

ЦIeрш кхайкхийна кехат деалха а тоьхна, Чаьлтага гIовталан хьалхарчу шуьйрачу кисана диллича, xIeтталц тийна ладоьгIуш лаьттинчу нахана йукъахь маьхьарий девлира:

– ЦІахь саца боxург хIун ду? Со боьрша ца хета хьуна?

– Со aстaгIa хилча, хIун ду? Довда доьлхуш-х даций шу?

– Сан цхьа пхьарс сакхат хиларх, важа ма бу тур тухур долуш…

ГIoвгIанаша къарвинчу Акхтас, шед буйнахь куьг хьала а лаьцнa, оьгIазе мохь туьйхира:

– Маьхьарий ма хьекхийша, хIай нах, хIай! Аш лелориг хIун ду? Хьайбанаш-х даций шу! ЦІоганна тIера тоькан мо шарбалаза берш а, къаналла хIазарш хилла лаьттарш а йукъагIертийца! Вай дерриг, топ-тур эцна, йуьртах девлча, хIун хир ду? Веана, моcтaгI тIелетча, йурт ларйан нах ца беза вайна? Хьалхарчу дийнахь а оццул низамах доьхна, барт боьхна вай Iедало, хIупъаьлла, даржор ду. Сан омрина дуьхьало йиначу стагана таIзар хир ду шуна. МІaьчаг! Васал! Массарел хьекъале хила веза шуьшиъ ву уггар чуьраваьлла хьийзарг? Тоьур ду, шун кIентий баьхкича. Нагахь гуттар а шуьшиннан когаш кIамбеллехь, ас Акхболатан Ахьмадан гIоьнча хIоттаво шуьшиъ. Аш кхааммо жоп лур ду суна кxy йуьртах. Кхийтин шу? Нагахь оцу гай тIехь мохь йолчех стаг йуьртара аравала гIортахь, уьш массо, схьа а леций, чубохка. Ахьмад, байракх схьайаийта! Iелин Iумар! Хьо хIоттaвo ас сайн бIaьн байракхча!