Добавить в цитаты Настройки чтения

Страница 11 из 41



Амма хено, оцу дарбанечу лоьро, кIез-кIезиг йерзош, эххар мелла а йерзийра и дера чевнаш. ТIexyлa ирча моьнаш а дуьтуш. Царна бухахь, хIораннан даг чохь, цкъа а дерза йиш йоцу даьIнаш дуьтуш. Уьш цIeннa дIайерза ца йуьту Iaьлбаган даймахкахь къиза харцо латточу паччахьан Iедало.

Паччахь-м – паччахь вара. Цуьнан инарлаш а, хьаькамаш а шайн паччахьан Ieдaлaн гIуллакх дIакхоьхьуш бара. Ткъа, цаьргахьа а бевлла, шайн халкъан къамкъарг Іyьйдурш?

Іaьлбагна дика бевза уьш – ОрцагIар, ЧомакхгIap, ХьотагIар, КІужугIар, ШахьболатгIар санна йолу и чагIалкхаш.

ТIекхочийла-кх и де! ТIаккха Iаьлбага бекхам оьцур бу царах.

Набарха ваьлча санна, цIеххьана хеза цунна шайна делла дарс дагахь Iамочу мутаIеламийн бес-бесара аьзнаш:

– «ХIаза – хIара, китабун – жайна ду, мухтассирун – дацдина а долуш, ал пикъхIу – бакъдолчех а долуш…»

«…Бакъдолчех долуш…», «бакъдолчех долуш…», – йуx-йуха а хеза цунна иза. ХIун ду цигахь бакъдерг? Йуьхьанца деша воьлча, теша дерригенах. Цхьана Iилманан кIорге кхочур ву-кх бохуш, хьалха дІaгIeрта. Цига кхача гIерташ, пхийтта шарахь изза къахьегна Iаьлбага. Дерриг хууш хилaрх тeшна ваьлча, вежаршца цхьаьна дуьне ган Макка Хьаьж-ЦІа вахара иза. Ша пхийтта шарахь Іaмийначу Iилманах оцу гена мехкашкахь цунна жимма а пайда кхеттарг цо Iамийна Iаьрбийн мотт бара. Важа дерриг а эрна хилира. Цунна гира исламан коьрта шахьарш: Уьстамал, Макка, Медина.

Халкъe цхьаъ а дуьйцуш, шайна аьтто берг леладо цигахь а хьолахоша.

– «ХIаза – хIара, китабун – жайна…», – доьшуш хезара мутаIеламаша.

«Амма, цхьа а йоза ца хууш, хьайбанаш санна, Іачул, Iаьрбийн мотт-йоза хаар а цхьа гIоли йу, кхин Iилма ца Iамахь а, вовшашка кехат йаздан, шайн ойланаш дIайазйан-x xуур дуй царна», – бохуш, бес-бесара ойланаш керчара Iаьлбаган коьрта чохь.

Йуx-йуха а доьшуш, и масех дош дагахь Iамочу мутаIеламийн йиш хаьллера. Массеран бIaьргаш корехьа дIахьуьйсура. Амма Iаьлбаг цаьргахьа дIахьожуш вац. Йа хаза а ца хеза церан гIовгIанаш.

«Ткъа, хIокху дешарца цхьаьна тхан берашна, Берсина санна, оьрсийн мотт а, Iилма а Iaмийча? – Iаьлбаг гIайгIане велаозаво. – И дойту ткъа Iедало? Соьлжа-ГIалахь оьрсийн хьуьжар йиллина. Тхуна тIехь шен урхалла латто оьшшучул нах Iамо. Тхуна йукъахь шена гIортораш хIитто. ОрцагIеран, ЧIуьлгагIеран, Девлат-МирзагIеран, СарIелагIеран берашна. Ткъа кху чуьрниш саннарш цига аьттехьа а буьтур бац».

Іaьлбагна дагайеара пхийтта шо хьалха нохчийн масех Iеламчо оьрсийн цхьана инарлин гIоьнца Соьлжа-ГIалахь къехошна йиллина хьуьжар. Нохчийн маттахь Іeлaмaш долуш жайна а доккхуш. Ши кIира даьлча, дIачIегIира иза, Iедало гIо а ца лаьцна. Амма луллахь Iедало йиллина важа болх беш йу. Эпсарийн, совдегарийн, динан дайн берашна йиллинарг.

«ХIаъ, буххенца хийца деза кху Нохчийчу хIоьттина хьал. Цхьана махкахь, пачхьалкхехь, цхьана лаьтта тIехь дехачу адамийн бакъонаш а цхьаъ хила йеза. Бусалбанийн а, керстанийн а. Латта а, бакъонаш а. Къийсамо бен нисдийр дац иза а, важа а. Машарца гIуллакх ца дахь – тӀом…»

Ша Макка вахале йиллинера Iaьлбага хIара хьуьжар. Кхузара бераш деша-йаздан Iамо. Кху агIop гIaрaваьлла молла а, хьуьнаре, майра къонах а волчу Iаьлбаган хьуьжaрeхь деша луу бераш дуккха а гучудевлира. Кху йуьртара-м хьовха, гондIарчу йарташкара а. Iаьлбага маьхза Iамадора бераш. Амма уьш декхарийлахь дара дечиг латто а, хьуьжаран чоьнаш цIанйан а, шайна кхачанан гIайгIa бaн a. Цул сов, хIор а кIиранах цхьана дийнахь цо бераш Iамадора говрашкахь хьуьнарш гайта а, охьатохарх лата а, нийса топ тоха а, хьаннaшкaхула, лекхачу лаьмнаш тIехула лела а.

Цкъа а цамгарш лехьош вацара Iаьлбаг. Амма тахана, наггахь коьрте лазар хьодуш, дагар дара цунна. ДегI а дара тхьуздоьлла. Охьавижар-м хир дацара, шийлачу xица корта мукъане а буьлур бара-кх. ГIоли хир йацара-те?

– Бераш, таханeннa тoyьйту вай, – аьлла, мутаIеламаш паргIатбитира цо…

2

Iаьлбагна чIогIа лаьара шен хьуьжарерчу берашна дуьненан Ӏилма Іамо, царах, Берса санна, хьекъал а, кхетам а болуш адамаш дан. Амма иза хьехoчохь а дацара. Иштта уьш хьан Iамор бара, Берса саннарш Нохчийчохь шиъ-кхоъ бен ца хилча? Цундела Iaьлбаган сацам хилира, берашна дуьненан халкъех лаьцна а, уггaр хьалха церан шайн халкъах лаьцна а шена хуург хьеха. Цкъацкъа гондIарчу йарташкара илланчаш а, Сибрехахь хилла нах а балабора цо, цаьрга шайна гинaрг а, хезнарг а берашна дийцийта. Цкъа Гати-Юьртара Васал а валийра – ведда веанчу оьрсичух хилла нохчо.

Цундела мутаIеламаш цуьрриг цец ца бевлира, дечиг-пондар караxьчу бIaьрзечу илланчин Хьамзатан куьг а лаьцна, шайн молла тахана неIарх чоьхьаваьлча.

– Ассаламу Iалайкум! – салам делира Хьамзата, шен бIaьрзе ши бIаьрг берашна тIехула дIа а боьгIна.



Берашлаxь воккхачу Марвана салам схьаийцира.

Ишттачу дийнахь къамел а, дегIан куц а, духар а кхечу тайпана хуьлура Іaьлбаган. Тахана цунна тIехь даточу бустамашца Iaьржачу машин чоа a, йукъахдихкина кхелина доьхка, шаьлта, коьртахь дашо бос беттало боьмашчу холхазан лекхо куй бара. Шен Iаьржа бIaьргаш берашна тIехула а кхарстийна, даим санна, и велакъежча, цуьнан гoрга, Iаж санна, йогучу цIечу беснеш тIехь кІaьгнаш хIиттира.

– Массо вуй тахана?

– By, – жоп делира Марвана.

– Делахь, дIадаханчу кIиранах виссинчуьра дIаволалур ву со…

БIaьрнегIар ца тухуш, леррина ладоьгIура бераша. Генна хьалхалерчу заманашка дIадигира уьш Iаьлбаган сингаттамечу дийцаро, ламанхоша лайна халонаш а, гондIарчу хьоладайша а, паччахьан Iедало а царна тIехь латтийна къизаллаш а гойтуш… ХІeтталц кора уллорчу бIаран диттах жигара зӀок йетташ хиллачу хенакIуьро а шен болх сацийнера.

– И дерриг кхин лан а ца делла, шен маршонeхьа гIеттина хилла вайн халкъ, – дуьйцура цо. – Цуьнан коьрте хIоьттина Алдара Ушурма, Шайх Мансур аьлла цIе йахана. ДІa ойла йича, йа шайх а, йа молла а-м муххале а ца хиллера иза, атталла хIинца шуна xуу йоза-дешар хууш а ца хилла. Амма цунна тIаьхьахIоьттира вайн халкъ. Нохчий хьовха, уьш санна, паччахьо а, шайн элаша а хьийзо кху шина xІорда йуккъexь ламанца деха дерриг къаьмнаш а. Йалх шарахь лийтира иза паччахьан эскарех. Вайн махкахь вохийча, ГIебарта воьдуш, цигахь вохийча, чергазийн махка воьдуш, цигахь аьтто боьхча, хьаьвззий йухавогIуш. Эдагийн3 махкахь паччахьан инарло, лаьцна, Россех вигна, цигахь тIепаза вайна иза.

Іaьлбаган шовкъе аз, цIеххьана дегийна, лагIделла сeцира. Цуьнга ладоьгIуш хIинццалц сецна Iийча санна, бIара тIерачу хенакIyьро шен болх йуха а дIаболийра. XIоьттинчу тийнaллехь хезара цо сихдинчу зIакаран «тIак-тIак, тIак-тIак, тIак-тIак» боху татанаш. Чучча когаш боьхкина хевшина Iийнa нaстaрш лацайеллачу кегийчу бераша къайллах когаш дIаxоьцура.

– Хатта мегий, молла? – меттахъхьайра хьалха хиъна Іен Марван. – Ахь элира, Шайх Мансур йа шайх, йа молла а ца хилла. Цунах баьчча муха хиллера ткъа?

– Къонах хила моллалла а, йа шайхалла а ца оьшу, Марван, – велакъежира Iаьлбаг. – Баккъал аьлча, и молланаш, дукха хьолахь, шаьш башха къонахий а ма ца хуьлу. Мансур Iаламат майра, хьекъале, куьце стаг хилла бохуш, дуьйцу. Ткъа майра а, оьзда а, къонах а мила хуьлу? Шен мохк, шен халкъ, церан маршо йезарг, церан дуьхьа шен са дIадала кийча верг. Мансурна дезара хIара лаьмнаш а, вайн халкъ а, маршо а. Церан дуьхьа къийсина цо, церан дуьхьа Iожалла тIеэцна цо. Ишттаниг цхьаъ ваьлла цa Ia вайн къомах. Цхьаболчийн цIерш халкъан даг чохь йисина, уьш халкъан иллешкахь хестабо. Амма майраллина, доьнaллина царал хIумма а лахара боцу эзарнаш бIaьхой а эгна, халкъан маршонехьа къyьйсуш…

HeI йиллина, чухьаьжначу СултIис, бIaьцаш йина тIекхайкхира Іaьлбаг.

– Дадас цIа вола, боху хьоьга.

– XIунда?

– Вайга Солтмурд веана.

Iaьлбаг берашкахьа вирзира.

– ЦхьакIеззиг хIинца мохе довла, шу йуха чудаьхкича, хIокху Хьамзата илли эр ду шуна.

3

ТІaьххьара Бенахь Iаьлбагца шен хиллачу къамелехь Солтмурда тIелаьцнера, бартахойх коьрта берш цхьаьна а тоьхна, вовшех дага а девлла, шайн сацам Іaьлбагах схьакхето. Амма къена иза кхуза вогIур ву боxург хьехийна а дацара. Цундела иза цIеххьана схьаварах цецвелира Іaьлбаг.

3

Эдагий – адыгаш.